ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалин школашкарчу классашкахь видеокамераш хIиттор ю


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дуьйцург дIа а яздеш, яххьаш къастош видеокамераш хIиттон дагахь бу Соьлж-ГIаларчу школан массо а чоьнаш чохь. Цул совнах, онлайнан рожехь дешаран процессан видеомониторинган юкъарчу системе ерзор ю шахьарера 60 сов дешаран хьукмат. Соьлж-ГIалин мэрин цIарахчу дешаран департаменто хьалхатеттинчу пректан барамаш ишта бу, яздо "Чечня Сегодня" агенталло.

"Билгалдаккха догIу, гIалин массо а школашкахь хIинцале а дIахIиттийна, болх беш ю видеокамераш. Ткъа цара гойтург коридорашкахь а, дешаран хьукматан уьйтIахь дерг а бен дац, бераша а, хьехархоша а классашкахь дийриг хууш дац. Оцу бахьанашца берийн дайшна-наношна а, хьехархошна а юкъахь цакхетамаш буьту. Цундела лаьа царна ган а, хаа а хьехархочун а, дешархочун а юкъара уьйр а, зIе а муха ю", - аьлла, хаамбина агенталле Соьлж-ГIалин мэрин векалша.

Оцу системица хуур ду хьехархойн белхан хенех а, иштта дешархой школана юкъарбийларх а, боху урхалло.

Студенташна а, школашкарчу дешархошна а камера тIехь йолу а, интернете вала аьтто лун а гIирсаш шайца цхьана доьшийлашка кхехьа дехка деза аьлла, хьийхира кху деношкахь ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас.

"Берийн хаарш лакхадахархьама а, дисциплина нисъян Iалашонца а, ишта, коьртачу декъанна, ца оьшучу контентан тIеIаткъамах уьш ларбархьама а" коьрте деана шена аьлла, кхетийра цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG