ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 36 дархо. Ун даьлла ву 787 стаг


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 36 дархо, ун къаьстина кхин а 787 стагаца.

Оперативан штабан лараршца, COVID-19 вирусах 16 стаг велла Краснодаран кIоштахь, Ставрополан махкахь -ялх, Дагестанехь - виъ, ГIебарта-Балкхаройчохь - кхоъ, ГIалмакхойчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а, Адыгейхь а - шишша, Нохчийчохь цхьаъ кхелхина уьнах.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана велла коронавирусах 7 319 вахархо.

Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах тIаьххьарчу 24 сахьтехь Ставрополан махкахь - 212 стаг.
Ставрополан кIошт + 212 (44 943 за все время эпидемии)
Краснодаран мохк + 174 (35 671)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 82 (19 705)
Дагестан + 70 (28 810)
ГIалмакхойчоь + 65 (18 183)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 57 (18 247)
Къилбаседа ХIирийчоь+ 48 (15 054)
ГIалгIайчоь + 31 (14 336)
Адыгей + 29 (13 445)
Нохчийчоь+ 19 (11 085)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь 219 479 стаг ву вирус токхуш.
Оперативан штабан информацица, йоллу Оьрсийчохь ун къаьстина 4 027 748 вахархочуьнца.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG