ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доьзалхочух ю ша бохуш, хене яьллачу зудчо тайнигаш эцна хилла


Видеон скриншот
Видеон скриншот

Дагестанерчу яхархочо Тамадаева Лаурас дийцина, исс баттахь ша доьзалхочух ю бохуш, цIийнда Iехийнера ша, "цуьнан дог ца дохон" аьлла.
Ткъа "бер дан" хан герга кхаьчча, ши тайниг эцнера цо, уьш дуьненчу девлла кIира даьлча, делла аьлла, лаьттах дохка Iалашонца.

Тамадаеван дийцар зорбане даьккхина Ставрополан кIоштан губернаторо Владимиров Владимира шен инстаграмерчу аккаунтехь. "Бер дуьненчу даккха" аьлла, Ставрополе дIаяханера зуда, ткъа цуьнан хIусамдас бехкбиллинера оцу бераш дуьненчу дохучу центрна, шен ши доьзалхо лачкъийна аьлла.

Тамадаевас бахарехь, стохка аьхка доьзалхочух йолуш санна, билгалонаш хилча, шен цIийндега хаийтинера цо. Ткъа дарбан хIусаме тIеяхча, бакъ ца динера.

"Суна гуш вара, со доьзалхочух ю ас аьлча, воккхавуьйш лела сан майра, цундела цуьнан дог дохон ца лиира суна. Оцу бахьанца, иза а, сайн марзой а Iехон дагадеара суна, суо берах йолуш санна", - дийцина зудчо полицин декъехь.

Шен план кхочушъярхьама, Тамадаевас хIусам лаьцнера Ставрополерчу перинаталан центрна гергахь. 2 400 сом делла ши тайниг эцнера цо, бераш делла аьлла, кеп хIоттон дагахь. Бабай-Юьртарчу Тамазатюбехь шен бераш дIадухкучу 33 шо долчу цуьнан хIусамдена Даудов Давудна гучудаьллера, Ставрополерчу центрехь бераш хийцина хилар.

"ХIара тайпаниг тхо долчахь хилла ду, - дуьйцу Кавказ.Реалиига Юкъарчу палатан векало Хадулаев Шемала. - Масех шо хьалха а зудчо аьшпаш боьттинера шен хIусамдена, доьзалхо вира ша, амма иза велира аьлла, тIаьхьо хийцина лоьраша шен бер аьлла, дIахьединера цо. Эххара а зуламан гIуллакх даьккхира цунна дуьхьал, хаа а хууш, харцо лелорна. Изза хьал хIинца а хIоьттина-кх".

Бераш дIадухкучу хенахь, шаршу юкъахь тайнигаш хилар гучудоккхуш дIаязйина видео ю социалан машанашкахь яржийна. Дагестанерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министарлло толлуш ду гIуллакх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG