ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Бусалбанашна боьгIна гур бу иза". Украинерчу тховкIелонан мах бовзуьйту нохчочо


Бакаев Iела
Бакаев Iела

2017-чу шеран Зазадоккху-баттахь Росгвардин декъанна ялх стаг тIелетира Нохчийчохь. Вийра ялх эскархо, тIелеттарш а байъира.

Оьрсийчоьнан ницкъхойн версица, зуламан декъахь ву Бакаев Iела, иза оцу хенахь Нохчийчоьнна хьовха, Оьрсийчоьнна а гена хиллашехь. Лаца кхайкхийна ву иза. Бакаевс хIеттехь аудиокъамел даржийра, ша хIуманна а бехке воцийла хоуьйтуш. ТIаьххьара а Украинан Iедалшка тховкIело йийхира цо.

Миграцин урхалло тахана а къуьйсу цуьнца, тховкIело ца луш. Бахьане дуьллу Бакаев шен даймахкахь зулам дарна бешкевеш хилар. Амма оцу юкъанна Интерполо 2019-чу шарахь шен лехамашкара дIаваьккхина иза.

Киевн йистехь веха шен доьзалца Бакаев, цигахь дуьненчу даьлла цуьнан жимахдолу бер. Оцу хьоло бакъо ло дена-нанна Украинехь даха, амма Iедало тIе ца чIагIдо бер пачхьалкханна, боху Бакаевс.

Кавказ.Реалиин корреспондент цхьаьнакхийтира Бакаевца Киеверчу маьждигехь, къамел дира Нохчийчохь Росгвардина динчу тIелатарх а, салафийан бакъонех а, миграцино цунна ечу дуьхьалонех а лаьцна.

– Хьуна бовзарий Новр-ГIаларчу Росгвардин декъанна уллехь байъина карийнарш?

– Бевзара, тхо цхьаьна хьалакхиина ду. Тхан кIоштахь тхо бен кхин салафийаш хилла моьттуш а вац со. Дукха дацара тхо, цхьаьна лелара маьждиге, доттагIаллехь дара, гергарлонаш а дара тхуна юкъахь. Тхо лоьцура, полице дуьгура, цигахь тергоне эцна дара. Бохам хила денош дуьсуш суна хаийтира тхо радикалийн тептара яздина, аьлла, тхох "экстремисташ-ваххабисташ" дина аьлла. Новр-ГIалин кIоштан имама а туьйхира соьга телефон оцу хьокъехь. Со Соьлжа-ГIала вахана вара оцу муьрехь, ас телефон туьйхира накъосташка, цхьаьнакхета бартбира оха. Тхо цIахь гира вовшашна, Теркан бердашкахь. Иза тоьшалла ду боху со зуламечу тобан лидер хиларан. Оха дIасадаха бартбира. Ас Мисара ваха сацамбира, ткъа цаьргахь дацара махкара арабовла паспорташ, уьш цундела Оьрсийчу дIабаха дагахь бара, тхаьшна тIехь лаьтта терго йижжалц дIасадовла дезара тхан. Шайн аьтто баьлча уьш Мисара, со волчу, богIур болуш дийцира оха. Зазадоккху-беттан 22-чохь со кеманца Москва вхара. Домодедово.

– Хьуна муха хиира хьайн накъостий беллийла?

Джамалов оццу дийнахь лецира, тIаккха спектакль хIоттийра, иза масех де даьлча, лерина операци дIахьош нисделча санна

– Зазадоккху-беттан 23-чохь, Iуьйранна Закараев Хизира, беллачех цхьамма, яздира соьга, массо а лецна, хIинца ша а дIавига мега, аьлла. КхидIа керла хIума нислахь, сайна хаийтар дийхира ас цуьнга. Со Абу-Даби а кхаьчна, Мисара вахара. Iуьйранна 5 сахьт долуш, со дIакхаьчча, сим-карта диллира ас телефон чу, ватсапехь ас бешанза дуккха а хаамаш бара йишера а, гергарчаьргара а. Вийначу сан ялх накъостан сурт а даийтинера. Ас йишига телефон туьйхира, со лохуш ву, элира цо соьга. Iуьйранна пхиъ доллуш кадыровхой лилхина хиллера тхан цIа чу, аьллера, со тIеман базина тIе а летта, къайлаваьлла. Со Мисара вахана, аьллера цаьрга тхан йишас. Цул тIаьхьа ас телефон тоьхча, йиша ФСБ-хь яра. Москвара талламчаш баьхкина бохура. Ас йишига дийхира цигарчу цхьаьнга телефон дIаялар, жоп хезира суна сайнна – шайна ца оьшу бохура соьца къамел дан. Цаьрга бархI стаг ву тIелеттарг аьллера, дисинарг кхин хаа оьшуш а бацара уьш. Цул тIаьхьа йишас телефон дIаяйъира. Цхьа хан яьлча цо дийхира соьга, Мисарахь со вуйла хоуьйтуш, муьлххачу а цхьана машенан ноьмаран сурт даккхар. Ас дахьийтира. Ткъа де-ши де даьлча, 25-чохь дара моьтту суна, со ву аьлла даьккхира тIелатар динарг. Бохура, Джамалов ИбрахIима даредина суна дуьхьал. Суна гергарчаьргара хиира Джамалов оццу дийнахь (тIелатар динчу дийнахь. – Ред. билгалдаккхар) цIера дIавигинийла а, масех де даьлча, иза лерина операци йоьдуш лаьцна волуш санна, кеп хIоттийнийла а.

– Джамалов дийна вуй?

Ву, «тIемалошна гIодинарг» вина цунах. ХIетахь гIаттийначу бехктакхаман гIуллакхан лорах иза бен вац набахте кхачийна. БархI шо хан тоьхна цунна.

– ФСБ-но хьо дIавоьху Украине. ТховкIело ехний ахь кхузахь?

– Ас со Украине кхоччушехь, дIахьедира дозанхошка, сайна тховкIело еза, аьлла. Царна карийра со Оьрсийчоьно лаца кхайкхийна хилар, со лецира. Адвокат веара, ас тховкIело йоьхуш кехат яздира. Изоляторехь латтийра со пхеа баттахь.

– Ткъа хIун хуьлуш ду ахь динчу дехарх?

Суна миграцин урхалло шозза деллачу жоьпаша бахарехь, ца ло суна тховкIело. Инарла прокуратуро бинчу сацамо магадо со Оьрсийчоьне дIавала. Кхело талла дезаш лаьтта ас миграцин урхаллин сацамна дуьхьал яздина рогIера арз. Алвокат ву цуьнца болхбеш, дукха дац суна хуьлуш лаьттачух хууш.

– Миграцин урхаллехь хIун хеттарш дира хоьга?

Миграцин урхалло сан дешнаш тIекIелдоху, ас аьлла доцург а суна тIеяздеш

Цара сан дешнаш тIекIелдоху, ас аьлла доцург а суна тIеяздеш. Со хила ма-везза бусалба вац, ас суфийн шайхашкара хаарш схьаэца мега боху, ткъа со салафийа ву бохуш, кепаш лелайо, аьлла яздина. Ас дийцира со"Калима"марказа (дешаран центр) чекхъяьккхина ву аьлла. Ткъа цара цуьнан метта яздина «Ал-Азхарехь», ас аьлла а ма дац айса «Ал-Азхар» университетехь дешна.

– Мел хан яьккхина ахь Мисарахь? ДIа стенна вахана хьо цигара?

Ис баттахь ваьхна со цигахь. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин цигарчу векалте гIо дехнера оха, нохчаша. Тхуна документаш делира, оха цаьргахь тхайн телефонаш, адресаш дитира. Цул тIаьхьа тхо оцу ларашца леца долийра меттигерчу полицино. Тхаьш долчу рогIехь полици еъча, со ведира. Аьтто белира сан доьзалца Украине кхача. Со Нохчийчохь волуш, 2014-чу шарахь дуьйна, телевизор чухула дуьйцура Украинехь эскаро зударий хьийзабо, бераш хIаллакдо, бохуш, бераш-м дуу а бохура… Украина гезйохура, Нохчийчоь а санна. Сан да а, нана а хилла Нохчийчохь тIамехь, царех «боевикаш», «террористаш» олура. Дуккха а хIуманаш юкъара ду украинахойнний, нохчийнний: Сталина Украинехь мацалла хIоттийча, нохчаша эзарнаш украинахой тIеэцна. 1996-чу шарахь Нохчийчоьнан маршонехьа летта 200 украинахо. Цундела моьттинера суна, Украина сох Европел а атта кхетар ю.

Моьттинера суна, Украина сох Европел а атта кхетар ю

– Стенгахь веха хьо?

Киевна гена доццуш. Вон дац хьелаш а. ГIо до юучуьнца, хIусам маьхаза елла.

– Йиш юй Украинехь болх бан?

– Балха ца оьцу со. Бакъду, белча а, кхераме ду суна, Оьрсийчоьнехьа болчу нехан я кадыровхойн бIаьрг кхета тарло. Нисвелла со цкъа иштачарна тIе, лечкъа а ца дора оцу наха шаьш муьлш ду. Латарна тIе ца делира, со сихха юьставелира.

– Украинехь тховкIело кароре сатуьйсучаьрга хIун ду хьан ала?

– Таханлерчу Оьрсийчоьнца Iиттабелла болчу бусалбанашна боьгIна гур бу иза. Мегар дац кхуза гIерта, кхузахь тховкIело еха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG