ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лавров: Евробартах дIакъаста кийча ю Оьрсийчоь


Лавров Сергей

Геополитикан изоляцига гIерташ яц Оьрсийчоь, амма кийча хила еза Евробартаца йолу юкъаметтигаш хадон аьлла, дIахьедина арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс. Девзаш долу алар хьахийна цо: "Хьайна машар безахь - тIамна кечло" аьлла.

"Хууш ма-хиллара, дуьххьара дац, цхьахдолчу дакъошкахь санкцеш тухуш, къаьсттина вайн экономикана уггар а кхераме йолчу, экамечу сферашкахь. Дуьненах дIахада ца лаьа вайна, делахь а цунна кийча хила деза", -аьлла министро YouTube каналерчу «Соловьев Live» программан эфирехь.

Масех де хьалха Брюссело дIахьедира, Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш яха дагахь ду шаьш, оппозиционер Навальный Алексей лаьцна, цунна тIехь йина кхел бахьана долуш аьлла. Карарчу беттан 22-чохь дийцарш дIахьур ду Боюсселехь Оьрсийчоьнна санкцеш тохарх лаьцна.

Хьажа комменташка

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG