ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу 24 сахьтехь уьнах 32 дархо велла. Вирус кхетта кхин а 769 стагана


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 32 дархо, ун къаьстина кхин а 769 стагаца.

Оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь кхелхина I7 дархо, Ставрополан кIоштахь ялх, Дагестанехь виъ, Къилбаседа ХIирийчохь а, Адыгейхь а цхьацца велла.

Пандеми яьржичхьана Къилбаседа Кавказехь велла уьнах 7 388 пациент.

Къаьсттина дукха бу цомгаш нах, тIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу лараршца, Ставрополан кIоштахь – 208 стаг.

  • Ставрополан мохк + 208 (45 151 ву эпидеми яьржичхьана)
  • Краснодаран кIошт + 173 (35 844)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 80 (19 785)
  • Дагестан + 72 (28 882)
  • ГIалмакхойчоь + 59 (18 242)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 55 (18 302)
  • Къилбаседа-ХIирийчоь + 47 (15 101)
  • ГIалгIайчоь + 30 (14 366)
  • АдыгеI + 30 (13 475)
  • Нохчийчоь+ 15 (11 100)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь COVID-19 ун токхуш ву 220 248 стаг. Оперативан штабан зерашца, йоллу Оьрсийчохь ву вирусца 4 042 837 вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG