ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нахе кховдо кхин некъ бац Путинан". Макфол Майкл – Навальныйх лаьцна


Оьрсийчохь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн векал Iийначу политологин профессора Макфол Майкла ша Свобода Радиона еллачу интервьюхь тидаме ийцира Оьрсийчуьра тIаьххьара хиламаш – оппозицин лидер Навальный Алексей шена "Новичок" дIовш деллачул тIаьхьа, Германехь дарба а лелийна, цIавирзича лацар, оцу хьокъехь протесте бевллачу нахаца полици къизахьовзар – и дерриг а, цуьнца йоьзна йолу Кремлан позици а муха туьдур ю Американ Штатийн президентан Байден Джон администрацино, Свобода Радиона ен новкъарлонаш декъа а оьцуш.


– Оьрсийчуьрчу Iедало [Алексея Навальныйца] лелочо гойту репрессеш керлачу тIегIантIе евлла хилар. Хьалха Оьрсийчоьнан Iедало кхеле озавора Навальный, арахь такха хан туьйхира, хIусамехь кхобу таIзар кхайкхадора, амма ца воккхура маршонах. ХIинца иза вен гIоьртина уьш, тоьшаллаш ду шеко йойъуш. Юха, иза цIавеъча, еххачу ханна набахтехь латто сацам бо. Оцу юкъанна репрессеш Навальныйна тIехьажийна ца Iаш, цуьнан агIончашна тIехь а латтайо. Хьалха лаьттинчу демонстрацешкахьчул дукха го вайна лецарш, демонстранташна ницкъбар.

Оьрсийчоьнан бахархошкахь кIезиг йисина энтузиазм, реза бац экономикан хьелашна

– Ала тарлой, Навальный шена хьалхачул а кхераме мостагI хета Кремльна?


– ХIаъ. Суна гарехь, зен дохьу реакци ю иза. Путина Навальныйх турпалхо веш ву, халкъан дуьхьа хало Iовша араваьлларг во. Цу тIе, ахь демонстарнаташна чухьаьдда етта, оцо Iедал къахьдо адамашна. Дуккха а талламаш бу бина, цара гойту, протесте бевллачу наханна дуьхьал ницкъ алсам мел боккху а, лахло юкъараллехь режиме болу ларам. Кремло дийриг тида гIоьртича, суна хетарехь, нахе кховдо кхин некъ бац Путинан, халкъе бинчу хаттамаша гойту нах цуьнан политиканна резабоцийла, царна экономикан хьал товш доцийла, ткъа 21 шарахь Iедалехь Iачу стаганна чIогIа хала ду адамашна керла хьелаш дIакховдо. Нах Оьрсийчохь вуно чIогIа резабоцийла гуш ду, къаьсттина дика го иза юкъараллин дог-ойла тергал а еш, оцу хIуманна экам а хилла ехачу Путинан режимна.

Кремло дийриг тида гIоьртича, суна хетарехь, нахе кховдо кхин некъ бац Путинан

Суна бевза Путинна юкъараллин дог-ойла йовзуьйтуш болу нах. Гарехь, царна хаьа цунна товш доцу хьал хIоьттинийла, цундела цара сацамбина, жигара, къиза хьаьвзина а, протесташ гена йовлале, шоръялале, совцо.

Шен президенталлин юьххьехь санна говза дац Путинан лелар

– Иза кеп-кепара го Оьрсийчохь, ткъа хьуна муха хета, хIара протесташ къаьсташ юй 2011–2012-чу шерашкахь леллачел? ХIетахь шайн яьржина хиларца инзаре яра уьш, амма сиха йийшира. ХIинцалера протесташ юй Iедална кхераме?


– Тхан, политикан Iилманерчу профессионалийн, сов баккхий а бац протестан боламийн эволюци тидарца болу кхиамаш. Американ Iедалехь пхеа шарахь айса гулдина зеделларг юьхьаръэцча, сан ала ду – и хаттар кхерамзаллин урхаллаша а латтадо тергонехь. ЦРУ-но а, пачхьалкхан кхечу хьукматаша а кIадбоцург бой, мехаллехь лахбой буьтуш нисло шуьйрра баьржина, андбевлла лела юкъараллин боламаш, мелхо а алсам тидам тIеберзабо пачхьалкхашкахь толамза бирзинчу, политикехь хийцамаш боцуш чекхбевллачу боламашна. Доцца аьлча, соьга алалур дац, бохьур бу политикан хийцамаш хIокху протесташа я бац. Амма автократин режимаш теллича го, шен хан ях мел ло а, шо шаре мел долу а хицамаш бан арабевллачу ницкъо и тайпа режимаш гIелъеш хилар. Бакъдерг ала деза, Путинан автократино протесташ хьошуш юкъабохучу гIирсаша а, церан эвсаралло а со цец-м воху. Вуно хIилла долуш режим ю иза. Амма ши хIума деттало бIара хьалха. Дукха хан ю Путинна дуьхьал цхьа а конкуренци йоцу. Конкуренци яцаро малво политикан лидер. Шен президенталлин юьххьехь санна говза дац Путинан лелар. ШолгIаниг – ас Обама Баракан администрацехь болх бина, боккха ларам бу сан оцу стаге, цуьнгахь хиллачу президентан говзаллах цецвуьйлу со. Делахь а, Обамин президенталла 21 шаре даьлча, со а кIадлур вара КIайчу ЦIачохь ша цхьаъ Iачу оцу стагах.

Дукха хан ю Путинна дуьхьал цхьа а конкуренци йоцу. Конкуренци яцаро малво политикан лидер.

Суна хетарехь, атта дац юкъараллашка дечу хеттаршца нехан и ойла билгалъяккха, амма тIаьххьарчу 10 шера чохь шайн дахарна дохьуш дика а доцуш, Iедалехь Iачу Путинах нах баккхийбеш беха алалур дац. Хила тарло цуьнгахьа Оьрсийчохь алссам нах. Бахархойн доккхах дакъа ду иза я жимах дакъа ду, хаац, делахь а ала ду, и дакъа цуьнгахьа хилар а ю моттаргIа.

Навальный демократ ву

– Хаалой кху муьрехь Навальный, арахьара хьажча, оппозицин лирер хилар?

– ХIаъ. Суна хетарехь, хьалха а гора иза оцу декъахь вуйла. Кремло иза набахте хьажоро, бехктакхаме озаво аьлла, цунах нийсонан дуьхьа балахьоьгург варо – наха иза харцо лору – чIагIйийр ю Навальныйн позицеш, цунах домократин опозицин лидер а веш, гулбийр бу цунна гонах нах. Бакъду, Навальныйс хьалха заманашкахь дийцина со реза воцу хIуманаш. Амма автократинний, демократинний къовсамехь, оцу коьртачу тIамехь, шеко а йоцуш го, Навальный демократин агIор хилар а, цо демократи чIагIъярхьама лелош болу гIирс маьрша гIирс хилар а. Сан кхетамехь, оцо во цунах оппозицин лидер.


– Президента Байдена а, Пачхьалкхан секретара Блинкена бехкбиллина Навальный а, цуьнан агIончаш а Оьрсийчохь хьийзорна. ЛадоьгIийла дуй КIайчу ЦIийно Кремлна алссам хаалунйолу гIулчаш яхаре?


– Суна хетарехь, Навальныйс Байденан администрацига дIакхачийна кост, шена хетарехь таIзар дан догIучу нехан могIа бовзийтарца. Цо аьлла, суна динчу зуламашна дуьхьал шайна Путинна таIзар дан лаахь - со вен гIортарна, набахте хьажорна – ма бе бекхам лахарчу тIегIанашкарчу наханна, ФСБ-н полковникашна. ТаIзар де Путинан режим юзош хьийзачарна, цунна гIортор латточарна. Оцу кхайкхамна жоп дала хан оьшу. Суна ца хаьа цкъачунна, муха хир ду и жоп.

Байденан администрацино хьакъдоллу гIулчаш яхаре догдоху ас

– Господин Макфол, кхин цхьа хIума хатта лаьара суна. ТIаьххьарчу хенахь Свобода Радио ю Оьрсийчоьнан Iедало бечу шогачу тIеIаткъамна кIел. Тхан масех журналистанна арахьарчу агентан цIе тIекхоьллина, тхан Москварчу векалтанна арахьарчу агентех долчу низаман цхьайолу пункташ кхочуш ца ярна гIуданаш кхайкхийна. Оцу хьокъехь хьуна хIун хета?

Свобода Радиона дуьхьал лелош йолу, халахетар дохьуш йолу акцеш совцор ю бохучух теша лаьа суна



– Суна сингаттам бу иза. И тайпа таIзар кхайкхо бух бац, я иза нийсо а яц аьлла хета суна. Суна хетарехь, Кремль шеконо а, кхерамо а лаьцна хиларан битамаш бу уьш. Иза кхоьру бакъдолчух. Свобода Радиона дуьхьал лелош йолу, халахетар дохьуш йолу акцеш совцор ю бохучух теша лаьа суна.

– Цхьаболчу Америкерчу низамкхоллархоша изза гIулчаш яха еза боху Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь парггIат шен болх бечу RT телеканална дуьхьал. Хьуна иза муха го?


– Уггаре хьалха ала дезарг, RT а, Свобода Радио а цхьана могIара хIоттайойла дац. Оьрсийчохь а, ша лелачу кхечу пачхьалкхашкахь а деххачу шерашкахь кхиамца болхбеш схьайогIу Свобода Радио янне а яц Американ Iедалх йозуш, бац, RT санна, пачхьалкхан пропагандин гIирс. Амма ас къобал ца йо цензура, Американ Штаташкахь болх бан бакъо йолуш хила еза RT. Пропагандина дуьхьал факташ яха еза, аьлла хета суна. Амма Оьрсийчоьнан Iедало Американ хаамийн гIирсашка Оьрсийчохь болх ца байта сацам бахь, Байденан администрацино изза, и санна йолу гIулч дуьхьал а йоккхур ю, аьлла хета суна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG