ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БуьритIехь "Магнит" супермаркет иккхина. Хьаьтташ дIасайохуш бу орцанхой


Гайтаман сурт

"Магнит" супермаркет иккхина БуьритIехь, йоьхна, хаьрцина ерриг а гIишло. Оцу хьокъехь хаам баржийна ТАСС агенталло, республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллерчу информацина тIе а тевжаш, боху Кавказ.Реалиино.

РИА "Новости" агенталло бахарехь, бохаман бахьана хила тарло газ эккхар.

РБК-но билгалйоккху супермаркет лаьтта меттиг – Гагкаевн урам. Яьржинчу видеоно гойту кхаа гIаттах йолу ерриг а гIишло йоьхна. Оцу чохь хилла масех туька а, стоматологан чоь а.

Юхьанцара йолчу информацица, белхан хенахь эккхар цанисдалар бахьана долуш, цхьа стаг бен ца лазош бирзина бохам. "Интерфаксо" цхьа стаг – хехо - велла аьлла даржийра, амма тIаьхьа иза дийна карийра, боху хаамийн гIирсаша. Ткъа Къилбаседа ХIирийчоьнан могашаллин министраллина гарехь, кхин нах а хиллачух тер аду иккхинчу гIишло чохь. Туьканан хехочо дийцарехь, кхин а стаг хиллачух тера ду цIа чохь.

Хьажа комменташка

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG