ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москвахь банкашкарчу гӀутакхашна чуьра 250 млн сом лачкъийна кхаа дийнахь   


Москвахь банкашкарчу гӀутакхашна чуьра кхаа дийнахь лачкъийна ахча а, ювелиран х1уманаш а - дерриг а 250 миллион сом мах хир болуш. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло низам лардочу органашна тIе а тевжаш, яздо Радио Свобода портало.

Агенталле хаам бинчу стага дийцарехь, ахчанан дукхахадолу дакъа лачкъийна Климашкина урамехь номер 21 йолчу гIишлонерчу банкера. Оцу адресца ю РМП Банкан коьрта офис. 56 гергга миллион сом дайна банкан гӀутакхашна чуьра Пришвинан урам 8, 2-гIа корпус адресца йолчу "Агора" банкера.

Зуламхошкара зен хилла оцу банкашкахь шайн ахча латточу бахархошна а, ткъа иштта цхьаболчу банкан сейфашкахь шайн мехаллаш латто белхахошна а. Къола динчу наха банкера гӀутакхаш ца дохина ахча а, ювелиран хIуманаш а дIахьуш.

Life зорбан гIирсо дийцарехь, талор динаш Украинера схьабевлла нах бу. Цара къола дан хаьржинарш хилла кегийра нехан долахь йолу чохь ахча латтош йолу банкаш. Зуламхоша банкашкара гӀутакхаш схьадостуш хилла, догIанаш а хоржуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG