ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

1,5 млн сом мах болу еза машен эца йоллуш хилла Краснодарера берийн беш


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Шен Iалашо Iораяьлча, нахалахь иккхина гIара бахьанехь, ша эца лерина 1,49 миллион сом доьху дозанал арахьара машен ца оьцуш йисина Краснодарера №117 берийн беш. Иза эца кхайкхийна яра Iедалан цIарх йохк-эцар ечу сайтехь Чиллан-беттан 8-чохь.

Кхайкхийначу тендорца а догIуш, берийн беш яра 2020чу шарахь арахецна йолу кIайн Kia Cerato Prestige лохуш, цунна чуьра панель хила езаш яра TFT 3.5 дисплейца йолу ''Supervision, ховшийлаш оьшура йохйийраш, Яндекс, Apple Carplay, Android Auto а хила езара чуьра тIетийсалуш.

Оцу кепарчу хаамо иркара хIиттийра Крснодар махкара социалаш машанаш, мессенджераш.

ТIаьхьо Iедалан йохк-эцаран портало баржийначу хаамо гайтира берийн бешан директор Рудь Марина Iалашонах юхаяьлла хилар: "гIирс эшар хийцадаларна".

Кавказ.Реалиица къамел динчу Ерриг Оьрсийчоьнан халкъан фронтан талламийн бюрон жигархочо Вервеин Сергейс билгалдоккху оцу кепара йолу еза, маьIна доцу йохк-эцарш шайн боламо юхаяхийтина дукха меттигаш хилар.

Тахана, берашна бошмашкахь меттигаш тоьуш боцчу муьрехь, бераш школашка дуккха а меттигашкахь шина рогIехь лелачу хенахь, хьехархошна яа тоъал алапа доцчу заманахь еза машенаш берийн дошман директоран Iедалан ахчанах эцар харцо лору шайн боламо, бохура Вервеина.

  • Росстато официалехь довзуьйту терахьаш: Краснодар-мехкан берийн дошмашкахь педагогна юккъерчу барамехь ло баттахь 30 эзар сом – иза лахара ду пачхьалкхерчу берийн бошмарчу педагоагшна кхочучу алапал (34 эзарнал).
XS
SM
MD
LG