ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Цхьана дийнахь дарба даллал бен дац делла ахча"


ЦетиевгIеран ши ваша Сайд-Мохьмад а, Хьусейн а, Ражапов Хьамид а
ЦетиевгIеран ши ваша Сайд-Мохьмад а, Хьусейн а, Ражапов Хьамид а

Бехкталламан гIуллакх юкъахдаьккхинчул тIаьхьа хьакъ болу болх ца карош висна Нохчийчуьра Цетиев Хьусейн, ткъа цунна кхелахоша хIоттийна компенсаци кхачаме тоьаш яц оцунна аьлла, дIахьедина кIентан нанас.

СИЗО-хь могашалла телхина шен кIентан, цунна реабилитаци ян деза молханаш оьшу аьлла, Цетиевца цхьаьна лаьцна хиллачу Ражапов Хьамидан нанас а, "Кавказский узел" агенталлица шен хиллачу къамелехь.

Карладоккху, 2019-чу шарахь 500 эзар соьма тIера миллионе гергга ахча хIоттийра кхелахоша, кхаа шарахь бехк боцуш талламан изоляторехь латтийначу ЦетиевгIеран вежаршна Сайд-Мохьмадна а, Хьусейнна а, Ражапов Хьамидна а.

Церан адвокаташа латкъам бинера, компенсацин барам лакхабаккхийта Iалашонца. Стохка Зазадокху-баттахь Москвара кхелахой дуьхьал хиллера, дехар кхочушдан.

ЦетиевгIеран нанас дIахьедо, лаьцначуьра маьршаваьккхичхьана шен кIант Хьусейн балха хIотта аьтто боцуш висна бохуш. Цо дийцарехь, мехах лаьцначу хIусамехь ехаш ю иза iен доьзалца.

"Лацале хьалха дикачохь балхахь вара Хьусейн. Жимма ахча а гулдина, цхьа дакъа а эцна, цIенош даийр ду аьлла, ойла хиллера тхан. Схьагарехь, генна дIататта деза и гIуллакх", - аьлла Цетиевас.

Цо дийцарехь, хьалха ша болх беш хиллачу меттиге юха ца эцна цуьнан кIант, цуьнан метта кхин белхахо лаьцна хиларна.

Иштта арз дина Ражапова ПатIимата а, шен кIентан могашалла эшна хиларх лаьцна.

"Кхаа шарахь набахтехь ваьллинчун могашалла дика хуьлийла а дац", - аьлла цо "Кавказский узел" агенталле. Талламан изоляторера араваьккхинчул тIаьхьа шен кIант Соьлжа-ГIаларчу дарбан цIийне охьавиллира, боху цо.

"Дуккха а лазарш ду цуьнца: доIахца, зорхаца. Буса наб еш вац иза, даим а коьртаца лазарш ду", - дийцина ПатIимата.
Компенсаци ю аьлла, шен кIантана хIоттийна ахча, лазартнехь цхьана дийнахь дарба даллал бен дац, боху цо.

Карладоккху, Ражапов Хьамид а, вежарий ЦетиевгIар Сайд-Мохьмад а, Хьусайн а 2014-чу шарахь Гезгмашин-баттахь лецира. Талламхоша дийцарехь, цара, травматикан тапча а кхуьссуш, тIелатар динера Москван кIоштарчу Внуково олучу меттехь орцан министраллин белхахошна. Лаьцначийн адвокаташа дIахьедарш дора, церан массеран а алиби хиларх а, хIиттийначу видеокамераша дерриг дIаяздина хиларх а лаьцна.

Кхело масийттазза дIаяхйора уьш чохь буьтуш хан, ткъа Цетиев Сайд-Мохьмад шен цIахь латтош вара, дIасавалар а дихкина.

2017-чу шеран аьхка кхело царна дуьхьал айдина гIуллакх прокуроре юха а хьажош, Ражапов Хьамид а, Цетиев Хьусайн а маьршаваьккхира.

Кхааммо далхийра, Iедало лаьцна латточу юкъанна шаьш балхах довлар, къена да-нана, йиша-ваша кхаба аьтто цахилар а. Нийсонца хIоттийна яц компенсаци аьлла, церан адвокаташа латкъам бинера кхелан сацамна. ХIетте а суьдхоша компенсацин барам лакха ца баьккхина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG