ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу 24 сахьтехь вирусах кхелхина 32 дархо. Ун даьлла 756 стагана


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь динчу зерашца, коронавирусах кхелхина 32 дархо. Вирус гучуяьлла кхин а 756 вахархочуьнца.

Эпидеми ца яржийта Iалашонца вошахтоьхначу оперативан штабан статистикаца, Краснодаран кIоштахь велла COVID-19 вирусах 17 стаг, Дагестанехь - 6, Ставрополан махкхаь - пхиъ, Адыгейхь а, ГIалмакхойчохь а шишша стаг велла.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана велла уьнах 7 420 дархо. Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах тIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу лараршца, Ставрополан кIоштахь - 198 стаг.

Ставрополан мохк+ 198 (45 349 ву эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран кIошт + 170 (36 014)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 80 (19 865)
Дагестан + 73 (28 955)
ГIалмакхойчоь + 60 (18 302)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 56 (18 358)
Къилбаседа ХIирийчоь+ (15 148)
ГIалгIайчоь + 31 (14 397)
Адыгей + 27 (13 502)
Нохчийчоь + 14 (11 114)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь ковид токхуш ву 221 004 стаг. Оперативан штабан хаамца, йоллу Оьрсийчохь ву цомгаш 4 057 698 вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG