ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Телеграм-чатан шина модераторна тIе ца битина адвокаташ кхеле бевлла


Нижний Новгородехь лаьцна Нохчийчу валийначу телеграм-чатан модераторийн Исаев Исмаилан а, Магамадов Салехьан а ши адвокат кхин царна тIе ца витина, дIавахна махкара. Оцу юкъанна кхеле латкъам бина цара, шаьшиммо Iалашван тIелаьцначу шинца цхьанакхетар ца хилийтарна,яздо "Кавказский узел" агенталло.

"Нохчийчуьра дIаваха адвокаташ Алексеев Марк а, Немов Александр а. Де хьалха кхозлагIа адвокат Бадаев Ваха юкъавеара оцу гIуллакхна, амма цуьнан а аьтто ца баьлла изоляторе кхача. Нагахь санна, иза царех кхетахь, цунна а дуьхьло йийриг хиларх дIахаийтина. И дойла яцара церан, хIунда аьлча, Исмаилан гергарчех бакъо йолу векал Нохчийчохь висина ван а вац", - аьлла, дийцина Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машанан координаторо Истеев Давида. Лаьцначу шиммо яздина дац мукIарло дарх аьлла, хаам бина Истеевс.

"Цуьнан да, вай хьалхо ма-дийццара, Нохчийчуьра дIавахна, шена тIеIаткъам барна. КIанте Хьалха-Мартанахь хеттарш дечу хенахь цу чохь вара да. Бераша цхьа дош ца элира цигахь, кхерийначу дега куьйгаш яздайтира", - аьлла цо.

Террорхошна гIо латтош вара шаьшиъ аьлла, къаро йина лаьцна латточу шина кхиазхочо Магамадовс а, Исаевс а бохуш, чIагIдо Нохчийчуьрчу Iедалхойн векалша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG