ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьмсерчу полицехь юьхьъяьхна "евроичкерихошкахьа" болчу кегийрхойн


Гуьмсе

Чоьхьрчу гIуллакхийн министраллин Гуьмсан кIоштан декъан куьйгалхочо Чалаев Исхьакъа Инстарграмехула яржийна кхаа жимчу стаганна дов деш видео. Цо кегийнах бехкебо Нохчийчуьрчу Iедална критика еш болу "евроичкерихой" къобалбарна.

«Кхетош-кхион» Чалаевна тIебигинарш бу: цо ша бовзийтарехь, Азиев Жебар, Эскиев Юсуп, Тахиров Бекхан.

"Евроичкерийцашкахьа мел волчунна хаа деза церан идеологино вайн халкъанна зулам динийла. Ценан хенахь йолчу политикано магадора муьлххачу а туканахь къаьркъа дохка, дукха хьолехь кафеш буса хелхарш ден меттигаш яра, кегийрхоша вайн къоманна мегаш доцу духарш леладора", - аьлла даржийна Чалаевн къамел "Грозный-Информ" агенталло.

XS
SM
MD
LG