ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ахмат Арено" VIP-хьешашна 6 миллион соьманна юург латтор ю


Футболан "Ахмат" клубан цIерачу мачташкахь юург латторах йолу тендор ерзийна Нохчийчохь. Кхача латтош 5,95 миллион сом дайъа дагахь ю йозуш йоцу "Кадыров Ахьмадан цIарх йолу спортан комплекс".

Чиллан-беттан 13-чохь комиссино ладоьгIна и тендор долаэца луучу фирманийн дайшка. Белхан Iалашо ю Нохчийчохь хинйолчу 17 матчехь хьешашна совгIатна "Ахмат Арена" олучу стадионехь 20 VIP-хоийлашкахь а, мехкан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна леринчу "А" трибунин лаккхарчу тIегIанарчу VVIP-хоийлехь а кхача хилийтар.

"Юуург матч йолаялале ах сахьт хьалха охьайиллина хила еза, бовха кхача боцург, хIора VIP-меттиге хьожуш хила еза цхьа официант, иза шен балха тIехь хила еза матч йолаялале 30 минот хьалха, цуьнан болх берза йиш яц матч чекхъяьлла ах сахьт даьлча бен", - боху тендоран Iалашонашкахь.

Документо ца бовзуьйту кечбенболу кхача, амма 2020-чу шеран тендоро довзуьйтура VIP-текх: лагман, нехчин чорпа, бецийн чорпа, чIерах кечйина «паччахьан чорпа», тай-къоман а, францойн а хьесапехь кечдина жижиг, узбекийн мантеш, бежанан жижиган стейкаш, кхаа тайпа цIен чIара. Стохка тендорехь тоьлларг яра Галнера "Конселор-95" фирма, лурчах – Соьлжа-ГIалара "Фазэрлэнд" (шина фирмин цхьа да ву – Мусаев Сайхан).

XS
SM
MD
LG