ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтехь Хугуев Халид верца доьзна дов айдина Талламан комитето


Приморскан махкарчу № 27 набахтехь велла карийна, 1999-чу шарахь Москварчу "Интурист" хьешан цIийнахь а, йохк-эцаран "Охотный ряд" базарахь а лелхийтарш кечдарна бехкевина хилла, Хугуев Халид, яздо Радио Свобода сайто.

Талламо бахарехь, конфликт иккхинчохь кхечу тутмакхо вийна Хугаев. Оцу хьокъехь хаам баржийна Оьрсийчоьнан Талламан комитетан регионерчу урхаллин сайто. Бехктакхаман схьадиллина стаг верца доьзна.

"Чиллан-беттан 13-чохь колонин дарбадечу декъахь дов иккхина тутмакашна юкъахь, бехке хила тарлучу 41 шо долчу тутмакхо логах канцелярин уьрсан дитт хьаькхна 65 шо долчу тутмакхна. Чевнех велла дархо. Девнан бахьана ду веллачо иза верна бехке хила тарлучуьнга сийсаз къамел дина хилар", - аьлла бу хаам.

  • Москварчу "Интурист" хьешан цIийнахь эккхийтар дира 1999 шарахь Охан-баттахь. 11 стаг нисвелира оцу бохамна буха. Йохка-эцаран "Охотный ряд" комплексехь эккхийтар дира 1999 шеран аьхка. 40 стаг лазийра цигахь, цхьа зуда елира тIаьхьо. Зулам кечдарна набахте хьажийра нохчо Хугаев Халид, иза кхочушдарна – дагестанхо Гаджиакаев МагIумадзаир. Хьалхарчунна 25 шо кхайкхийра колонехь даккха, шолгIачунна – 15. Талламо зуламаш дан уьш арабаьхнарг ву бохура Басаев Шемил.
XS
SM
MD
LG