ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Новая газета": 2017 шеран Дечкен-баттахь иттанаш нах байъина Нохчийчохь


"Новая газето" бинчу талламан жамIо гайтарехь, документаша тоьшалла до Нохчийчохь 2016 шо доьрзуш, 2017-гIаниг долалуш лаххара а 109 стаг лаьцна хиларх.

2017 шеран Охан-баттахь "Новая газето" Оьрсийчоьнан Талламан комитете кхачийра оцу махкахь вийначу 30 стеган цIе. Оцу нахах 27 вара Нохчийчохь 2016 шеран ГIуран-баттахь а, 2017 шеран Дечкен-баттахь а полицино лерина операцеш дIахьош лецначаралахь.

Талламан авторийн аьтто баьлла лецначарна хадеш хиллачу нахалара теш карон. Цо даредина "Новая газето" вийцинчу 27-ннах лаххара а 13 вийна хиларх, боху Чиллан-беттан 15-чохь, оршотан дийнахь арадаьккхинчу тоьшалло.

  • 2019 шеран аьхка "Новая газетан", цуьнан журналисташа бахарехь, аьтто белира 2017 шеран хьалхарчу баттахь нах лецарх а, царах 27 верах а лаьцна долу тоьшаллаш карон. Пресс-конференцехь бакъонашларъярхоша довзийтира лецначийн 67-ннах долу тоьшаллаш – царах 27 вара доьза вайна. Иинформаци журналиста Милашина Еленас шега ницкъаллин хьукматерчу хьосто елла бохура.

XS
SM
MD
LG