ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьрчу "Э" центран хьаькам верца доьзна лаца кхайкхийна кхин а ши стаг


ГIалгIайчуьрчу "Э" центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим вер толлучу девнаца доьзна Москварчу Басманный кIоштан кхело дуьненаюкъарчу лехаме велла кхин а ши стаг – Белхороев Муса а, Дудурханов Мухарбек а, хаам бо ТАСС агенталло.

Царна бехке дуьллу, стаг а вуьйш, дина талор цара кечдина хилар, террорхойн тоба вовшахтохар, низам а дохош, герзаш лелор.

Деношкахь лаца кхайкхийра Дудурханов Аслан. Эльджаркиев вуьйш дакъалаьцна лору талламо лаххара а 11 стага.

2019 шеран юххьехь "Э" центран хьаькам Эльджаркиев ИбрахIимна шозза йира кIело. Нохчийчуьра ГIалгIайчу цIавогIуш, герзаш диттира иза чохь волчу машенна, амма дийна висира иза. Амма оццу шарахь шо чекхдолуш Москвахь динчу тIелатарехь вийра иза а, цуьнан ваша Эльджаркиев Ахьмад а.

XS
SM
MD
LG