ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчу юха цавар "хьоьху" Ростоврчу журналистана Резникна


Коррупцина дуьхьаллаьттачу зорбанехь вевзаш волчу журналиста Резник Сергейс дIахьедина, ша вен дагахь бу ша шен талламашкахь Iорабаьхна нах, аьлла. Карарчу хенахь Оьрсийчоьнан дозанал арахь ву журналист.

"Низамхошларчу сан хьосташа соьга дийцарехь, цхьа нах бу (Резника цIерш а йоху церан –редакцин билгалдаккхар) суна тIаьхьабевлла. Царна бовзийтина Москвахь лела "мах", амма со криминалан куьйгашца вен дагахь бу уьш", - дийцина Резник Сергейс Кавказ.Реалиига.

Ша вен кхайкхийнарш бизнесменна Узденовн гонера нах бу, боху журналиста.

"Суна Оьрсийчу юха цавар хьоьху. Iедало суна дуьхьалдоккхучу бехктакхаман девнехула суна тухунйолу санкцеш ю набахтин 10-20 шерашка кхочуш", – боху ши шо гергга хьалха Гуьржийчу дIавахначу Резник Сергейс.

Карарачу хенахь масех телеграм-канал ду лелош журналиста, цо йовзуьйту регионерчу ницкъхойх, хьаькамех, бизнесхойх йолу компромат.

  • 2013 шарахь Ростоврчу Первомайский кIоштан кхело журналист бехкевира зорбанехь цо Iедалхой сийсазбарна, набахтехь такха кхайкхийра цхьа шо ах шо. Ткъа оццу гIаларчу Ленинский кIоштан кхело кхаа шаре дIаяхйира тоьхна хан, дихкира цунна журналистикехь болхбан.
  • Бакъоларъечу "Мемориал" центро политикан тутмакх лору Резник.
XS
SM
MD
LG