ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанхо лаьцна "Москва-Сити" центрехь герз кхийсар толлуш


Москварчу Басманный кIоштан кхело кхаа баттанна лаца сацам бина харцхьалеларна Оьрсийчоьнан кикбоксинган чемпион Асадулаев СаIид, хаам бо ТАСС агенталло.

"Коммерсанто" яздарехь, иза лаьцна 2017-чу шарахь "Москва-Сити" центрерчу "Око" бIаьвнехь герзаш кхуьйсуш иккхинчу девнехь дакъалаьцна хиларх йолчу шеконца.

Кхаа шарахь лехна Асадулаев. Лаьцна иза Одинцово гIалахь видеокамерашца хаавелла. Хулиганаллина бехкевина спортхо, амма цо тIе ца эцна бехк.

2017-чу шеран гурахь "Москва-Сити" центрерчу Crystal Ballroom ресторанехь, герзаш а кхуьйсуш, даьллачу девнехь лазийра ялх хехо, царалахь вара Росгвардин ши бIаьхо а. Талламо айдира бехктакхаман гIуллакх.

Дагестанерчу Буйнакскера ву Асадулаев СаIид. 2013-чу шарахь кикбоксингехь Оьрсийчоьнан чемпион хIоьттира иза.

XS
SM
MD
LG