ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь кхело цIахь соцучу кепе ваьккхина Окуева Амина ейтарна йолчу шеконца лаьцнарг


Киеверчу апелляцин кхело, изоляторера мукъа а ваьккхина, цIахь Iайта сацам бина Окуева Амина а юьйш, цуьнан цIийнда Осмаев Адам а лазош йина кIело вовшахтохарх шеко йолуш лаьцна волу Каспийскера схьаваьлла Редькин Игорь. Оцу хьокъехь Кавказ.Реалиига хаам бина Осмаевс.

"Тоьшаллаш ду дуккха а, генетикан экспертизо луш, амма кхел йолаяла дуккха а хьелаш оьшу. ЦIахь саца дIа ца хьажаво зуламца доьзна гуттар а кIезиг тоьшаллаш дерг а, иза кхелан лаам бу", - элира Осмаевс.

Дов листар дахдарна бехке кхел ю, талламо шен болх дика бо, аьлла хета Осмаевна а, цуьнан адвокатана а.

Окуева Амина Украинехьа лаьттира Дебальцево гIалахь тIом боьдуш, декхарш кхочушдина Луганскан кIоштахь.

  • Хьалхо кхело лаьцначуьра дIахийцира Окуева Амина ерца доьзна йолчу шеконца лаьцна хилла кхин кхо декъашхо. Низамо лецна латто магочу хенахь тоьшаллаш кечдина талламхой цабовларна дIахийцира уьш.
  • 2017 шарахь ГIадужу-беттан 30-чохь Глеваха юьртахь, Киевна гергахь, бевзаш боцучара герзаш диттира Окуева а, Украинан духьалонан экархо Осмаев а чохь доьдучу машенна. Коьртах герз кхетта кхелхира Окуева.
XS
SM
MD
LG