ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Песков реза ца хилла Нохчийчохь нах хIаллакбарх лаьцна хаам тида


Оьрсийчоьнан президентан пресс-векал Песков Дмитрий реза ца хилла Нохчийчохь нах байъарх лаьцна "Новая газето" арахецначу материалан хьокъехь динчу хаттарна жоп дала, хаам бо ТАСС агенталло.

"Сан жоп лойла дац. И материал ешанза ву со. И тайпа материалаш низам лардечу хьукматаша тидаме оьцу, царна хаьа цунах дерг", - аьлла Песковс.

Амма цо тешийна журналисташ ша и материал йоьшург хиларх.

"Новая газето" бинчу талламан жамIо гайтарехь, документаша тоьшалла до Нохчийчохь 2016 шо доьрзуш, 2017-гIаниг долалуш лаххара а 109 стаг лаьцна хиларх. Оцу нахах 27 лаххара а вийна, чIагIдо газето. Талламан авторийн аьтто баьлла лецначарна хадеш хиллачу нахалара теш карон. Цо тIечIагIдина уггаре кIезиг 13 стаг царах вийна хилар.

XS
SM
MD
LG