ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Аннекси йинчу ГIирмехь бусалбанийн хIусамех хьуьйсу ФСБ


Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIермехь бусалба нехан цIенойх хьуьйсу ФСБ-н белхахой. "Крымская солидарность" боламан жигархоша баржийначу хаамашца, теллина ницкъхоша Советийн кIоштарчу Махамадаминов Абдулборин хIусам, хилла Симферополерчу Ялкабов Тимуран, Белогорскерчу Эюпов Азаматан а, Сейдаметов Ленуран а, кхечу а гIирмахойн-гIезалойн цIахь.

Меттигерчу жигархоша бахарехь, ФСБ-н белхахоша вовшашца дечу къамелаша кхеторехь, терроризмца доьзна цхьа бехктакхаман гIуллакх толлуш ю урхалла.

ЦIенойх хIуьйсучу юкъанна ФСБ-хоша дIавигина шайн хьукмате Симферополера пхи стаг.

Хьалхо Оьрсийчоьнан ФСБ-но хаам баржийра, ГIирмехь а, ГIезалойчохь а лаьцна террорхошна ахча латтош йолу тоба, аьлла. Оцу хьокъехь айдинчу бекхтакхамаш гIуллакхца доьзна Симферополехь лецна нах.

Дин бахьанехь 100 сов гIирмахо бехктакхаме озийна Оьрсийчоьно ша 2014-чу шарахь ГIирмина аннекси йичхьана схьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG