ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальный Алексей сихонца мукъаваккха тIедожийна Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело


Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело сихонца Навальный Алексей набахтера мукъаваккхар тIедожийна Оьрсийчоьнна, цуьнан дахар кхерамна кIел хилар тидаме а оьцуш. Документан копи йовзийтина оппозицерчу политикан сайто.

Кхелан регламентаца а догIуш, цо шатайпанарчу хьелашкахь тIеоьцуш хуьлу стагна кхерамзалла кхачош болу сацамаш. Стаг баккъал а кхерамна кIел нисвелла хилар шена гучудаьлча бо цо и тайпа сацам. Амма Оьрсийчоьнан юстицин министралло дIахьедина хьалхо, ша дагахь яц и тIедожор кхочушдан, аьлла.

Чиллан-баттахь Москвахь кхело сацийна, 2014-чу шарахь бозбуанчалла лелорна тоьхна хилла хан меттахIоттош, Навальный 2 шарна 8 баттанна набахте хьажо. 2017-чу шарахь Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело сацам бира, "Ив Роше"шех олучу бекхтакхаман гIуллакхца Навальный набахте хьажош, талхийна цуьнан дов нийсонца листийта йолу бакъо, аьлла. Цунна компенсаци елира. Амма бина сацам нийса бу, элира Лакхарчу кхело, дуьхьал хилира иза хийца.

Оьрсийчоьнан юстицин министраллин пресс-векалтан белхахочо ТАСС агенталле дIахьедина, стаг сихха дIахеца аьлла сацам бар "бух боцуш, суверенитетехь йолчу пачхьалкхан кхелан системина балха юкъагIортар" лору урхалло, аьлла.

Министраллехь дIахьедина, и тайпа сацам кхочушбойла дац, аьлла, цунах "цIен сих хадор" цIе тиллина цигахь.

Чиллан-беттан юьххьехь Европан Кхеташонан министрийн комитето листа тIеийцира, Москвано Европан кхелан сацам кхочуш ца бо, аьлла, Навальныйс дина арз. Навальныйн векалша цуьнан цIарх хаам бира министрийн комитете, Оьрсийчоьнан Iедалша Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан сацам шаьш кхочушбеш санна "я кеп а яц хIоттош", аьлла.

Нагахь санна комитетна Навальныйн и арз бух болуш гахь, оццу кхелехь кхин цкъа а листа там бу дов, ткъа Оьрсийчоьнан Европан Кхеташонера бакъонаш совцо тарло.

  • Навальный набахте хьажо бина сацам цкъачунна низаме берзанза бу. И сацам бина а бацара адвокаташа Европан кхеле дIахьедар дечу хенахь.
XS
SM
MD
LG