ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Тебна Iен тIемалойн тобанаш" гучуевлла, аьлла Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министра


Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министра Магомедов Iабдурашида дIахьедина, республикехь 2020-чу шарахь 18 "тебна Iен тIемалойн тоба" Iораяьккхина, аьлла, хаам бо Интерфаксо.

Министра бахарехь, хIора тобанехь хилла шинна тIера ворхIанна тIекхаччалц стаг. Цо билгалдаьккхина, дозанал арахьарчу низамехь йоцчу тIеман гIеранашкахь 150 гергга стаг Дагестанера хилар.

Оьрсийчуьрчу адвокаташа а, бакъоларъярхоша а билгалдоккху, тIемалой бу аьлла талламо бехкебинчара, кхелашка кхаьчча, шайгара дареш етташ даьхна олуш хилар.

  • Хьалхо хаам баьржира, Дагестанехь кегийрхойн тоба зуьйш ю террорхойн тобане гулъяларца доьзна, аьлла.
XS
SM
MD
LG