ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юстицин министр реза вац Навальныйн хьокъехь Страсбургерчу кхело динчу дIахьедарна


Чуйченко Константин, Оьрсийчоьнан юстицин министр
Чуйченко Константин, Оьрсийчоьнан юстицин министр

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Навальный сихонца мукъаваккха аьлла дина дIахьедар "эвххьаза кхелийн балханна юкъагIертар" де аьлла Оьрсийчоьнан юстицин министра Чуйченко Константина, хаам бина ТАСС агенталло.

Министра бахарехь, прецедент йоцу омра ду иза. Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан документ бух боцуш ду, низамца ца догIу, аьлла Чуйченкос. Кхаарин дийнахь журналисташна хьалха вистхуьлуш цо дIахьедира, Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Навальный мукъавоккхуш сацам бан Оьрсийчуьрчу кхеланна аьтто беш ца гайтина цхьа а факт, цхьа а низаман бух, аьлла.

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело шен дIахьедар кечдина иза кхочуш дан торуш доцийла а хууш, аьлла Чуйченкос. Оьрсийчоьнан низамаша бух ц ало нийсонца Навальный лаьцначуьра дIахеца, бохура Чуйченкос.

Европерчу кхелахоша бинарг, шеко а йоцуш, политикан сацам бу, цо новкъарло ян тарло Европан Кхеташонан институташца конструктиван юкъаметтигаш меттахIитторна, дIахьедина Оьрсийчоьнан юстицин министра.

Кхаарин дийнахь хаам баьржира, Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Оьрсийчоь декхаре йина сихонца Навальный изоляторера мукъаваккха, аьлла – Кхелан регламентца и догIуш хиларе терра, "агIонийн аьттонна а, къовсам оьшшучу хьесапехь листархьама а".

XS
SM
MD
LG