Нохчийчуьра кхо вахархо зуьйш ву 2000-чу шарахь махкахь Пермерчу полисхошна тIелатарх йолчу шеконца, хаам бо РИА "Новости" агенталло, Оьрсийчоьнан Талламан комитетна тIе а тевжаш.
Бекхтакхаман гIуллакх гIаттийна низамлардаран хьукматан белхахойн дахарна тIекховдарца доьзна. Хьалха набахти текхна ву кхуьй а, талламчаш бу цаьрца болх беш.
2000-чу шеран Зазадоккху-беттан 29-чу дийнахь тIемалой тIелетира ницкъхойн ковранна Джани-Веданна гергахь. Велира цигахь 33 полисхо, итт йисар а вина, тIаьхьо вийра, верриг а зен хилларг вара 102 ницкъхо.
- Хьалхо хаам баьржира, Нохчийчуьра вахархо Ганиев Рустам бехке во республикерчу Шуьйтан кIоштахь 2000-чу шеран Чиллан-беттан 29-чохь Псковскерчу хIаваан-десантантан дивизин эскаршна тIелатарна, аьлла.
- Къилба федералан Ростоврчу тIеман кхело Даудов Асланна I2 шо хан туьйхира набахтехь такха 1995-чу шарахь Буденновскерчу тIелатарехь дакъалацарна.
- Оьрсийчуьрчу адвокаташа а, бакъоларъярхоша а билгалдоккху, кхеле кхаьчначу наха шаьш дина дареш талламо шайгара етташ даьхна олий дIахьедеш хилар.