ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ставропол-махкахь кхеле делла стаг лачкъорах долу дов


22 шо хьалха динчу зуламца доьзна, Ставропол-махкахь кхела хьалха хIоттош ву бехкевийриг. Талламо бахарехь, цо 1998-чу шарахь шен шина накъостаца цхьаьна, ахча даккха йолчу Iалашонца, вадийна цхьана юьртабахаман директоран воI, хаам бо REGNUM агенталло.

Жима стаг дIавигина хилла Нохчийчу, иза дIахьоьцург гергарчаьргара ахча дехна.

Стаг вадийначех шинна набахтехь такха хенаш тоьхна 1999-чу шеран Мангалан-баттахь, ткъа коалгIаниг лелла кхелах лечкъаш, лаьцна 2018-чу шарахь.

Бехктакхаман гIуллакх дирзина а даьлла, дIахьажийна кхеле. Бехкевечо набахтехь яккха тарло 15 шаре кхаччалц хан.

  • Хьалхо хаам баьржира, Къилбаседа ХIирийчохь 20 шо хьалха ахча даккхархьама стаг вадорна кхел еш ю 41 шо долчу вахархочунна, аьлла.
  • Къилбаседа ХIирийчуьрчу Тарское юьртарчу вахархочунна Чаниев Хьамзатна 5 шо хан туьйхира набахтехь такха цо шен юьртахо Дзицоев Казбек вадорна 22 шо хьалха.
XS
SM
MD
LG