ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь пачхьалкхан телеканалехула емалйина кхин а цхьа "хIумахуург"


РогIера "хIумахуург" – Соьлжа-ГIаларчу Висаитовн кIоштара яхархо Долуева Зина – Iораяьккхина "Грозный" телеканалан эфирехь. ТIехьийсийна камераш а йолуш, Долуевас шена къинтIерабовлар дехна нахе.

Долуева Iорайоккху, цунна довдира эфирехь Соьлжа-ГIаларчу исламан медицинан центран коьртачу лоьро, мехкан шахьарачу "Нохчийчоьнан Дог" маьждиган имама Эльжуркаев Адама.

"ХIумахуург" Iорабахар дуккхаза а хьехийна Нохчийчуьрчу Iедало 2021-чу шеран Дечкен-баттахь а, Чиллан-баттахь а, дерриг а 2020-чу шарахь а. Палтасархой лецар долийра масех шо хьалха. Лецнарш дукха хьолехь видеокамерашна хьалха къера хуьлу шаьш харцо лелийна бохучунна. "Терроризмал а, наркоманел а кхераме" ду цара дийриг, олий гойту уьш дукха хьолехь.

  • Кавказ.Реалиица оцу темин хьокъехь къамелаш динчу бакъоларъярхошна гарехь, тоталитаран режиман башхаллех ду "хIумахуург" Iорабахар.
XS
SM
MD
LG