ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Путинан ривьерехь некъгойтург". Хьенан бу Геленджикера бахам?


"Путинан шахьар"
"Путинан шахьар"

"Путинан ривьерехь некъгойтург" аьллачу цIарца "Открытые медиа" портало зорбане яьккхина, шаьш бинчу талламах лаьцна материал. Цу тIехь дуьйцу, Геленджикан гонахарчу Iаьржачу хIордайистерчу "Путинан шахьарна" уллохь болчу чу-ара ца баккхалучу бахамах лаьцна.
Росреестран бух тIехь а, меттигерчу бахархойн дицаршна а тIехь бинчу талламехь чIагIдарца, "шахьарна" гергарчу Идокопас латтан декъа тIехь, "куьце, ха деш латтон гIишлош дIайоьгIна, ала тарло царех а, шахьарш. Дийцарехь, президентан уллорчу гонан долахь бу и бахам.

"Открытые медиа" гIирсо ша бинчу талламехь цIе яьхнарш бу- Тимченко Геннадий а, Дерипаска Олег а, Ковальчук Юрий а, патриарх Кирилл а.
Ротенберг Аркадийс апарт-отель схьайоьллур ю аьллачу "Путинан шахьарна" герга порталан корреспонденташ тIе ца битина.

ФСБ-н дозанхойн урхаллерчу "Комплекс" компанино (цунна тIе базбина бу "шахьарца" боьзна мел болу бахам) ханна пайдаэца лаьцначу латтанах 119 гектар таллархошна леринчу базана аьлла, билгалдаьккхина ду. Коррупцица къийсам латточу Фондо шен филмехь цунах лаьцна хьахийна дацара.

Путинан гонерчу шина бизнесхочун Тимченко Геннадийн а, Колбин Владимиран а долахь ю "шахьарна" гена доццучуьра "Дивноморская" олу керт. Шайлахь "Димин дача" олу цу кертах (президент лаьттинчу Медведев Дмитрийн цIарах).

ЧагIар доккху керт санна, билгалъяьккхина ю "Дивноморское", делахь а, къевлина объект ю иза, цуьнан уьйтIа кхачалур вац мил-мила а.
Талламехь чIагIдапрехь, оцу кертахь аквадискотека хилла ца Iаш, бакъйолу аквапарк а хир ю.

ГIишлошъян белхалой лоьцучуьнца къамел хиллера порталан корреспондентийн. Цо дийцинера, "къевлинчу объектехь" белхаш дIахьош бу, цига балха оьцурш "набахтехь хан яьккхина боцу оьрсий" бу, ФСБ-но зийначул тIаьхьа аьлла.

Тимченкон а, Коблинан а долахь ю ишта, чIагIдарехь, чагIар ден "Старый Прованс" комплекс а цхьана.

Ковальчук Юрийн структуран ю Геленджике кхачале йолу "Дельфин" резиденци, цуьнан барам бу 10 эзар квадратан метар.

Дивноморское олучу эвлана гергахь ю "культан-синан центр РПЦ". Меттигерчу бахархоша олу цунах "патриархан дача".

"ХIорда тIе а, хьуьнха а боьду некъ дIакъевлина бу лекхачу кертаца. Уггар а билгал керт ю цигахь - кхо метар лекха, кIохцал-сара бихкинар", - яздо "Открытые медиа" гIирсо.

Карарчу заманчохь, Росреестран информацица, культан комплексна уллохь ю дIакъевлина бассейн а, 70 гектар йийна кемсийн беш а, ишта чагIар ден меттиг а.

"Путинан шахьарна" гена доццучохь йолу таллархойн хIусамаш, "Открытые медиа" портало дийцарехь, Дерипаска Олеган доьзалан долахь ю. Советан заманахь Прасковеевкана гергарчу хIордйистехь хилла турбаза а Дерипаскан структураша шайна ерзийра.

Иштта, "Путинан шахьарна" гергахь ю бизнесхочун Шишкарев Сергейн структуран а, министр лаьттину Ткачев Александаран а, ЗакаряьяновгIеран доьзалан а долара керташ а, бахамаш а.

Прасковеевкерчу шахьаран урхаллехь вара, талламо чIагIдарехь, Закарьянов Болат, ткъа карарчу хенахь Кремлерчу "общепитан" куьйгалла деш ву иза.

Коррупцица къийсам латточу фондо (ФБК) Краснодар-махкарчу Прасковеевка юртанна гена йоццуш лаьтта "Путинан шахьар" гайтинчул тIаьхьа журналистийн аьтто баьллера, и гIишло яйтинарг Кремль хилар тоьшаллашца тIечIагIдан. Интернетехь парггIат хьажа йиш ю карийначу документашка – уьш ду объекте йовхо йиллинчу а, беракеманашна майда хIоттийначу а, каучукан палсаш доьхкинчу а фирманийн кехаташ, цара гойту шаьш болх "президентан резиденци" еш бинийла.

Путин Владимира ша Дечкен-беттан 25-чохь динчу къамелехь аьттехьа а ца дитира "шахьар" шен хилар – амма ФБК-но ца бохура 100 миллиард мах болу гIишло Путинан долахь ю, ткъа бохура президентанна цунах пайдаэца иза йина "доттагIаша". Оппозиционера Навальный Алексейс боххург бохура 2010-чу шарахь "Путинан шахьарх" лаьцна дуьххьара къамел динчу бизнесхочо Колесников Сергейс а, оцу хьокъехь деношкахь дийцинчу Путинан биографа Коробко Александра а.

Путинан пресс-векала Песков Дмитрийс а элира журналисташка, Кремлан цхьа а бакъо яц, я лерина а яц "шахьаран" дай бийца. Билгалдаьккхира цо, я Путин а, я цуьнан гергара нах а бац Прасковеевкерчу резиденцин "дай", церан ур-атталла "цхьа зIе а яц" оцу гIишлонца, аьлла.

Оцу юкъанна "Проект" портало, Оьрсийчуьрчу хьаькамашна юкъарчу шен хьосташна тIе а тевжаш, хоуьйтура, президента "шен формалехь йоцу хан алссам" оцу Прасковеевкерчу резиденцехь йоккхуш хилар.

Эххар а, комплексан долахо ша ву аьлла, дIакхайкхийра президентан гонашкарчу гоьваьллачу совдегаро Ротенберг Аркадийс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG