ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Песковс комментари йина Нохчийчохь нах байъар довзуьйтуш араяьллачу газетан материалах лаьцна


Оьрсийчоьнан президентан пресс-векала Песков Дмитрийс комментари елла "Новая газето" Нохчийчохь кхел а йоцуш нах байъарх лаьцна бина таллам хьокъехь. "Газетан материал яц я иза лорийла а дац тоьшалла, йина кхел а йоцуш, нах байъина бохучун", дIахьедина цо.

"Материал [газетан] тIекхочийлехь ю вайн массо а низамлардаран урхаллашна, церан деза, дерриг а къастош, и информаци листа", - довзуьйту ТАСС агенталло Песковн къамел.

"Новая газето" Чиллан-беттан 15-чохь зорба тоьхначу талламо бахарехь, документаша тIечIагIдо Нохчийчохь 2016 – гIа шо доьрзуш, 2017-гIаниг долалуш полицина тIелатар динчул тIаьхьа лецначу нахах 30-ннал сов стаг кхел а йочуш вийна хилар. И нах латтийна Кадыров Ахмадан цIарх йолчу хадаран-къепелатторан полкан декъа тIехь. Полицино 2016-чу шеран ГIуран-баттахь а, 2017-чу шеран Дечкен-баттахь а хIиттийна лецначех долу тептарш ду "Новая газетан" карахь. 2017-чу шарахь къайлахчу набахтехь 2017-чу шарахь байъинарш а хаабелла журналисташна оцу нахалахь.

  • Чиллан-беттан 16-чохь Песков Дмитрий реза ца хилира "Новая газетан" материалана комментари ян.
XS
SM
MD
LG