ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь пхеа шарахь хилла боцчу хьесапехь бистина юуучун мехаш


2021 шеран хьалхарчу баттахь Оьрсийчохь кхачан мехаш бистина, стохкалерчу оццу баттаца дуьстича, ворхI процентанна, хаам бо ТАСС агенталло дуьненаюкъарчу аудит-уонсалтинган FinExpertiza машин талламна тIе а тевжаш. ТIаьххьарчу пхеа шеран рекорд ю оццул мехаш бестар, билгалдоккху эксперташа: 2016-чу шарахь юуучун мехаш шеран хьесап дича бацара 9%-тал совъоьккхуш бен бистина.

Кхачан мехаш уггаре лакхара бу Дагестанехь (10,85% шарца дуьстича), Саратов-махкахь (10,2%), Адыгейхь (9,7%). Оцу мехкел тIаьхьабогIу мехкаш: Рязань, ГIебарта-Балкхаройчоь, Хакаси – 9% совбевлла цигахь мехаш.

Росстатан терахьех къасталуш ду и терахьаш. Оцу хьукмато хаам бина, Дечкен-баттахь Оьрсийчохь кхачан мехаш дистина, шеран хьолаца дуьстича, 7,5 процентанна, аьлла.

Стохка аудит-консалтинган FinExpertiza машин эскперташа гойтура Оьрсийчохь наханна рицкъ 14 шарахь ца хиллачул лахара кхочуш хилар. Бохура, 2020 шеран хьалхарчу декъехь Оьрсийчоьнан бахархоша юккъерчу барамехь духку ахча лахделла 11,5 эзар соьманна, дIадахначу 2019 шеран оццу хенаца дуьстича.

XS
SM
MD
LG