ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Изоляторера вада тарлуш верг санна тергоне эцна Навальный


Оппозиционер Навальный Алексей ша чохь кхобучу изоляторна тIехьожучу комиссино тергоне эцна лаьцначура вада тарлуш верг санна. Оцу хьокъехь политика ша яздина шен инстаграм-агIонехь.

Геленджикера Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимир гIап ша таллар бахьана долуш, шена тIеIаткъам бархьама дина иза, аьлла хета Навальныйна. Оппозиционера бахарехь комиссин сацамна буха куьг яздайтина цуьнга. "МогIарчу гIароло вацара со дIасалелош хьалха а, хуьлура уллебаьхна касканашкахь, маса-тоьпашца ницкъаш. ХIинца, гарехь, когех буржалш деттар ду", – яздина шен постехь Навальныйс.

  • Чиллан-баттахь Москвахь кхело сацамбира Навальныйна 2014-чу шарахь бозбуанчаллаш лелорна айдина бехктакхаман "Ив Роше" дов луьстуш тоьхна хан меттахIотто. 2017-чу шарахь Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело теллира дов, сацамбира Навальныйна нийсонца ца йина кхел аьлла. Компенсаци елира цунна. Амма Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело нийса йина лерира цунна йина кхел, ца хIоьттира сацам хийца.
XS
SM
MD
LG