ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Марс тIе охьахиина Америкера дуьне толлу "Персеверанс" аппарат


Американ дуьне толлу "Персеверанс" аппарат хьовзам боцуш охьахиина Марса тIе. Американ аэрокосмосан агенталлан (NASA) сайтехула ойлайнехь гайтина иза охьаюссуш. Аппарато лоьхур бу оцу планети тIехь ширачу заманашкара дахаран битамаш, Лаьтта тIе дIаяхьа схьаоьцур Марс кхоллалуш йолу коьчал.

Дуьне толлу аппарат хIаваъ-четаршца ворхI минотехь йоссийра Марса тIе. Дукха хан ялале цигара дуьххьарлера суьрташ дехира цо.

"Персеверанс" Марса тIе хьажийра стохка Товбецан-баттахь. "Марс-2020" программа кхочушъеш цо планети тIехь доккхур ду лаьттан 700 де-буьйса.

  • Чиллан-беттан юьххьехь Марса тIе шен талламбен зонд хьажийна Китайно а. Стигалкъекъа-баттахь йосса еза и аппарат Марса тIе. Китайрчу Iилманчаша толлур ду, мел таро ю адаман Марс долаэца.
  • Китайно шен аппарат Марса тIе хьажаялле хьалха, оцу планентина гонах хьийзо Iалашо йолуш, Iаьрбаша стигала хецна "Ал-Iамал" ("Сатийсам") аппарат. Американ Iилманчийн гIоьнца, японхойн ракетица иза хьажийна Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмирататаша. Цуьнан Iалашо ю Марсанна гонахара Iалам, хьал, шерийн заманаш хийцаялар талла.
XS
SM
MD
LG