ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ставропол-мехкан губернаторан векал лаьттинарг лаьцна цо 5 стаг вейтина хиларца йолчу шеконца


Ставрополерчу Ленинан кIоштан кхело шина баттанна лаьцна кхаба кхачийна губернаторан векал а, регионан думин депутат а Iийна волу Уткин Андрей, яздо Кавказ.Реалиино "Серебряный дождь - Ставрополь" сайтан хаам бовзуьйтуш.

Уткин ву пхи стаг вейтарца йолчу шеконна кIел. Хьаькам лаьттинчунна цкъачунна тIе ца баьхьина бехк. Оцу хьокъехь регионерчу прессо яздо официалехь йоцчу ницкъхойшларчу хьосташна тIе а тевжаш.

Ша Уткин дукха хан яц, бозбуанчаллаш лелорна хан текхна, набахтера араваьлла.

  • Ставропол-махкарчу министрийн кабинетан куьйгалхо Кувалдина Ирина шеконехь яра шегарчу даржах пайда а оьцуш зуламаш дарна – гIаларчу колледжех цхьанна низамехь а доцуш ахчанаш хьежорна.
  • Ставропол-махкахь ГIишлош, некъаш даран, транспортан министр лаьттинчу Васильев Игора, талламан версица, озабезамашца дIасадоькъуш хиллера некъаш бан контракташ.
XS
SM
MD
LG