ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КхидIа а лаьцна латто магийна наркотикаш лелорна Нохчийчохь бехкевен адвокат


Нохчийчуьрчу Ленинан кIоштан кхело кхин а баттанна, Зазадоккху-беттан 20-гIчу дийнналц дIаяхйина 71 шо долу адвокат Мараков Сергей лаьцна кхаба магош йолу хан – наркотикаш лелорна бехке во иза.

Кавказ.Реалиига Мараковс болх бечу Дуьненаюкъарчу адвокатийн "Санкт-Петербург" коллегин Ставрополерчу филиалан куьйгалхочо Кравченко Максима бинчу хаамца, талламчас ша ваьллийла хаийтина бехктакхаман дов теллина.

"Талламо гIеххьачул шорбина тIехьош болу бехкаш. Юьхьанца цунна бехкебора иза лоцуш, сарахь итт сахьт даьлча билгалбевлла хиламаш, ткъа хIинца бехкан декъа озийна цул хьалха лелла боху хиламаш а. Боху, цо Iуьйранна эцна низамо магош йоцу коьчал, цул тIаьхьа цIавахана, цхьа хан яьлча хилла боху цунна иза лоцуш бехке деш хилларг", - дуьйцу Кравченкос.

  • Мараков лецира ГIуран-беттан 8-чохь. Бахьана яздинера полицино «жимма хулиганалла» лелор. Цунна тоьхна 10 де-буьйса чекхдаьлча, иза бехке вира нароктикаш лелорна. Мараковн версица, ГIуран-беттан 8-чохь иза цIенна хьалха сацийна могIарчу духарахь хиллачу кхаа стага, дIавигина полице, цигахь бухакхоьссина наркотик.
  • Юьхьанца Мараков лахарчу кхело кхачийра лаьцна цIахь латтор, амма Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело хийцира и кеп, лаьцна латто сацам арабаьккхира.
XS
SM
MD
LG