Хакасин парламентан спикера Штыгашев Владимира гIалмакхошна Сталина депортаци йогIуш йина алар тидамза дитинчу ГIалмакхойчоьнан Iедална резабоцчу наханна гулам хIотто ца магийна Элиста гIалин кхело. Аьлча а, цо бакъйина протестан гулам бихкина йолу гIалин мэри, хаам бо "Кавказский узел" газето.
Хьалхо Элистан администрацино тIе ца ийцира жигархоша Толаман майданахь Чиллан-беттан 21-чохь гуламбайтар доьхуш дина дехар, карантинан хьелашкахь адамаш гудойла дац, аьлла.
Жигархочо Санджиев Арсланга дIахьедина, ша арз дийр дац кхелан сацамна, амма дIахьор ю акци карантин чекахъяьлча, аьлла.
- 2020-чу шеран юьххьехь Хакасин Лакхарчу кхеташонан спикера Штыгашев Владимира шен къамелехь бакъвира Сталин гIалмакхой махкахбахарна, и таIзар къобал а деш, цо элира - "цхьа а доьзал бац фашисташкахьа чалтачан болх банза". Фейк-дешнаш а далийра цо, Сталинан ду аьлла (амма дац уьш официалехь цхьаьнхьа а): гIалмакхой махках баха беза "тIаьххьарчунна тIекхаччалц, гена мел боху дика а долуш", ца бахахь, "халкъ хIаллакдийр ду тIемера цIаоьхучара шайн гергарнаш байъарна дарбеллачохь ".
- Штыгашевна оьгIазбахара эзарнаш гIалмакхой, республикан шахьарахь Элистахь хIоьттира санкци йоцу протестан гулам. Ткъа Хакасерчу парламентан спикера бохура, ша къам сийсаздан ца воллура, пресса бехкейира ша аьлларг лачдаьккхарна.