ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Охьа а виллина, лам тIера чукхосса бохкура". ХIинжа-ГIалахь йиттина Навальныйн штабан координаторна


Чиллан-беттан 20-гIа тIекхочуш, шоьтан буса, ХIинжа-ГIалин йистехь йиттина оппозицин политикан Навальный Алексейн штаб шахьарахь кхуллуш волчу Аблякимов Русланна. Цул хьалха масех дийнахь жигархо тергалвеш лелла бевзаш боцу нах.

"23 сахьт долуш дара со сайна евзачу шина йоьIаца Тарки-Тау ломан буьххьехь, наханна бIаьрг тоха кечйинчу атагIи тIехь лаьтташ. Шина агIор тIевеара 7 гергга стаг, охьа а виллина, суна коьртах мийраш бетта буьйлабелира уьш. Юха со ира а хIоттийна, хаьттира – хIун деш ву со кхузахь? Стенна веана Москвара? Ас цхьа а жоп а ца делира, еттара суна. Лам тIера чукхосса бохкура, амма церан коьртачо совцийра", - дийцира Аблякимовс Кавказ.Реалиига.

Навальныйн штабан ХIинжа-ГIаларчу координатора бахарехь, тIелеттарш ца хIиттина мехкаршна етта, уьш юьстахбаьхна хилла цунна етташ, ткъа хIорш цIехьа боьлхучу хенахь машенахь тIаьхьалелла. Жигархочо арз чуделла ХIинжа-ГIалин Советийн кIоштан полице, чекхаваьлла лоьрех.

"Суна сайн хье меттахбаьккхина моьттура, дог хьалагIетра чIогIа, амма лоьро аьрташ бен ца лазийна боху", - билгалдаьккхира Аблякимов Руслана.

Иза тешна ву шена еттар политикаца дозуш хиларх – цул хьалха масех дийнахь тергалвина иза, кхерамаш тийсина цхьана вевзаш воцчо – иза, Аблямовна хетарехь, Дагестанерчу чоьхьарчу гIуллакхийн минитраллин экстремизманна дуьхьалоечу центрера ву.

Кавказ.Реалиигахь яц Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин пресс-векалтера комментари.

  • Хьалхо корруцица къийсам латточу Фондо хаийтира ша ХIинжа-ГIалахь шен векалт схьаелла кечлуш юйла. Цкъачунна цунна чоь лоьху Фондо.
XS
SM
MD
LG