ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийчохь хан тоьхна Габуния Георгийна кIело ян гIортарна ГIалгIайчуьрчу вахархочунна


Габуния Георгий, гуьржийн журналист
Габуния Георгий, гуьржийн журналист

ПIераскана Гуьржийчохь кхело 4 шо хан кхайкхийна набахтехь яккха Оьрсийчуьрчу вахархочунна Гуциев Мохьмадна, иза гуьржийн "Мтавари архи" телеканалерчу журналистанна Габуния Георгийна вен кIело кечъеш хилла аьлла айдинчу бехктакхаман девнан лорах. Цунна бехкедина пачхьалкхан доза хадор, харц паспорт кечдар, низамехь йоцчу кепехь журналист тергалвеш хьийзарна.

Габуния Iаткъам хилларг лерира хьалхо, ткъа Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамзаллин урхалло чIагIдора Гуциев цунна дуьхьал "журналист вен кечамбарца доьзна дов айдина хиларна" лаьцна бохуш.

Адвоката дийцарехь, Гуциевс аьттехьа а ца дитина ша журналист верхьама тергалвина бохург.

2020-чу шеран Мангал-беттан 15-чохь Тбилисехь лецира Гуциев, цуьнгарчу харц паспорто бохура иза 38 шо долу ГIалгIайчоьнан вахархо Боков Васамбек ву. Низамхой тешна буи за Габуния Георгий вен араваьлла лелла хиларх. Габунияс болхбечу "Мтавари архи" каналан инарла директора чIагIдарехь, журналист вен стаг араваьккхинарг ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Ткъа зулам кечдеш дуйла гуьржийн Iедална хаийтина Украинерчу низамхоша.

Оьрсийчоьнан президентан пресс-векала Песков Дмитрийс маьIна доцу шеконаш ю элира Тбилисехь Гуциев лацар. Кадыровс а ца дитира герга гуьржийн дIахьедар, бохура, "цхьамма сан цIарх хIума деш делахь, цо иза чекхдоккхур ду".

  • 2019-чу шеран аьхка "Рустави-2" телеканалехь эфир дIахьош, Путин Владимирх лаьцна маьттазчу маттахь вистхилира Габуния. ХIетахь доладелира цунна кхерамаш тийсар. Масала, Кадыров Рамзана, иза «Кавказан воI вац, боьрша а вац", элира. "ДуьнентIехь Путин лоруш миллионаш кегийнах бу. Габуния ворхI кертал дехьа лачкъон веза, хIунда аьлча, дуьххьара иза гиначунна луур ду цунна доггIург кхочушдан", - яздира Нохчийчоьнан куьйгалхочо.
  • 2020 шеран Мангал-баттахь Габунияс юха а хьажийра маьттаза къамел Путине. Аналитикан "Постфактум" программехь цо бохура ша ца кхоьру верах. Кадыровс жоп хьажийра цуьнга, гора а хIоттий, къинхетам беха шена, аьлла.
XS
SM
MD
LG