ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Патрушев а, Чайка а вар бахьана долуш, туькананаш чохь "дIакъевлина" латтийна ставрополхой


Актрисин Топольницкая Юлиян инстаграм-аккаунтехь видео ю, полисхочо неI а къевлина, масех стаг туькан чуьра ара ца волуьйтуш гойтуш. Видео яьккхина Чиллан-беттан 19-чу дийнахь Ставрополь юккъехь, Къилбаседа федералан гоне халкъан кхерамзалла йийцареян Оьрсийчоьнан кхерамзаллин кхеташонан куьйгалхо Патрушев Николай веъначу хенахь.

Видео чохь гуш ву, наханна букъ а тоьхна, уьш ара ца бовлуьйтуш Iен полисхо.

"Ставрополь, суна-м хаац шу долчу мила веана! Ас «стенна ца мега суна араяла?» хаьттича, суна жоп делира «ца мегаш хиларна», - яздина актрисас, ша онлайн къамел деш.

Баккхий хьаькамаш бахкарца доьзна дIакъевлинчех цхьамма (Патрушев воцуш, кхеташонехь дакъалаьцна Къилбаседа Кавказерчу президентан векала Чайка Юрийс а, гонан регионийн куьйгалхоша а) полисхочуьнга боху, ша араялийта, шен бер ду бешара схьаэца дезаш.

"ЛадогIийша, оха ма хьийзадайша тхо. Адамийн бакъонаш эшор ду хIара", - мохь бетта Ставрополерчу яхархочо. Иза зуда къар ца ялар бахьана долуш, арахийцира туькан чуьра нах, аьлла ю видеона хIоттийна комментари.

Топольницкая Юлиян агента Кавказ.Реалиица къамел деш элира, актрисина ца лаьа хилам бийцаре баккха.

Адвоката Вертегель Феликса ша Кавказ.Реалиина в комментари луш бохура, хIоьттина ситуаци йогIуш яц адамийн бакъонашца, цо талхадо низам, ткъа полисхой нах къевлина латторца совбелла шайна даржо лучу бакъонел, цара нах маршонах баьхна латтийна цхьана меттехь. Цо бахарехь, баккхий хьаькамаш баьхкинера аьлла, нийса лорийла дац полисхоша динарг.

"Iазапна дуьхьалояран комитетан" Краснодарерчу декъан куьйгалхочо Романов Сергейс хиллачуьнца доьзна хьоьху Ставропол-махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхалле а, прокуратуре а полисхошкара яьллачу харцонан хьокъехь арз яздар.

«Полицин хьокъехь» низаман 5-чу артиклан 2-гIачу коьртан 4-чу декъо хьоьху бакъо талхийна. Цо бахарехь, низамлардечу хьукматан белхахо декхаре ву «ша адаман бакъонаш а, маршо а гатъенш гIулч йоккхуш елахь, оцу гIулчан бахьана а, бух а, цуьнца доьзна стеган йолу бакъо а, декхар а довзийта». Иза полисхочо ца дина. Оцу кепехь цо йохийна нехан маьрша дIаслела йолу бакъо", - элира бакъоларъярхочо.

Кхерамзаллин кхеташонан официалерчу сайто хаам баржийна, Чиллан-беттан 19-чохь Ставрополехь кхеташо дIаяьхьина, "коьрта тидам тIеберзийна къоман проекташ кхочушъеш къепедацаршна дуьхьаллатта эшарх лаьцна… Цул совнаха, кхеташонехь йийцарейина транспортца кхерамзалла латторан проблемаш".

XS
SM
MD
LG