ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса велла ковидах 24 дархо. Ун даьлла 606 стагана


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 24 дархо, вирус къаьстина кхин а 606 стагаца.

Оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь велла 14 дархо, Ставрополан кIоштахь - пхиъ, Дагестанехь - кхоъ, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалмакхойчохь а - цхьацца кхелхина.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьтана велла COVID-19 уьнах 7 687 стаг.

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу лараршца, Краснодларан кIоштахь къаьсттина дукха бу цомгаш нах - 162 стаг.

Краснодаран кIошт + 162 (37 502 ву пандеми яьржичхьана)
Ставрополан мохк + 142 (46 795)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 74 (20 555)
Дагестан + 55 (29 520)
ГIалмакхойчоь + 45 (18 751)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 46 (18 805)
Къилбаседа ХIирийчоь+ 36 (15 514)
ГIалгIайчоь+ 20 (14 638)
Адыгей + 15 (13 709)
Нохчийчоь + 12 (11 229)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь 227 018 стаг ву вирус токхуш. Йоллу Оьрсийчохь 4 177 330 вахархо ву коронавирусца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG