ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраша дийцарш долийна, Навальныйца доьзна Оьрсийчоьнна санкцеш тохар


Евробертан пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн министраша Брюсселехь оршот дийнахь хиллачу цхьанакхетарехь дийцарш долийна, оппозицин политик Навальный Алексей колоне хьажорна тIехула Оьрсийчоьнна дуьхьал баха леринчу барамех. Навальныйна Iедал тIаьхьа далар политикан бух болуш ду аьлла хета Евроберта юкъайогIучу пачхьалкхашна. Цара кхайкхам бира, Навальный маьршаваккха аьлла, амма Кремло тIехтесира церан тIедиллар.

Чиллан-баттахь Москвахь кхело сацамбира Навальныйна 2014-чу шарахь бозбуанчаллаш лелорна айдина бехктакхаман "Ив Роше" дов луьстуш тоьхна хан меттахIотто. 2017-чу шарахь Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело теллира дов, сацамбира Навальныйна нийсонца ца йина кхел аьлла. Компенсаци елира цунна. Амма Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело нийса йина лерира цунна йина кхел, ца хIоьттира сацам хийца.

Свобода оьрсийн сервисан корреспонденто бинчу хаамца, тахана министрийн барт хила тарло, Оьрсийчоьнна дуьхьал шуьйра санкцеш яха еза аьлла. Цул тIаьхьа санкцийн тептарш хIиттон буьйлалур бу уьш. Зазадокху-батахь къаьстар ду, санкцеш хьенах хьакхало а, муьлхачу барамашкахь ю а.

Навальныйца доьзначу гIуллакхна тIехула санкцеш дуьхьал ца яьхча евр яц аьлла, хьесап дира иштта цхьа могIа Евбертан пачхьалкхашкарчу, шайлахь Люксембург а, Австри а йолуш, арахьарчу гIуллакхийн министраша а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG