ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шена йиттинчул тIаьхьа дагестангера дIавахана Навальныйн агIонча


 Аблякимов Руслан
Аблякимов Руслан

Оппозиционан политикан Навальный Алексейн штаб Дагестанехь схьеллар цкъачунна дIатеттина цхьана ханна. Штабан куьйгалле хIотта везаш хиллачу жигархочо Аблякимов Руслана дина цунах лаьцна дIахьедар. "Кавказский узел" агенталле цо дийцарехь, ша муьлхачу организацин цIарах ву лечкъа а ца деш, штабана лерина хIусам лоьхучу цунна массара а цхьацца бахьанашца дуьхьало йора. Цхьаъ реза хиллера цуьнга ханна мехах шен шIишло яла, амма куьйгаш яздечу дийнахь реза ца хиллера иза а, "шеца зIене нах бевллера" аьлла.

Иштта жигархочо латкъам бина, дийнахь-буса а шена тIаьхьабевлла нах хиларх. Цунна хетарехь, цуьнан агIончашна кхерамаш тийса гIерта уьш. Карарчу заманчохь Дагестанера араваьлла иза, амма штаб кхолла лаам хIинца а болуш ву ша аьлла, тIетоьхна цо.

Чиллан-бетта 20-чохь муьлш бу ца хуучу наха тIелатар динера Аблямиковна, Тарки-Тау ломан майданахь шена евзачу шина йоIаца иза лаьттачу заманчохь. Цо бахарехь, лаьтта иза охьа а виллина, кхунна мийраш а бетташ, Дагестанехь хIу деш ву хьо, Москвара стенна вена бохуш, хеттарш дина хиллера цуьнга. Полицига дIахаийтина жигархочо, шена тIелатарх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG