ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненан тIемашкахьчул а сов нах белла Америкехь коронавирусан уьнах


ХIопкинс Джонан Университетан сайтехь зорбане яьккхинчу статистикаца, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь коронавирусах беллачу нехан терахь ах миллионе гIоьртина. Дуьненан Хьалхарчу а, ШолгIачу а тIемашкахь а, Въетнамехь хиллачу а тIамехь эгначийл а дукха бу цигахь коронавирусан уьнах белларш, билгалдаьккхина Американ хаамийн гIирсаша.

Worldometers сайтан зерашца, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь уьнах велла 500 эзар сов дархо.

Коронавирусан ун даьлла а, цунах белла а нах дукха хиларца хьалхарчу меттигехь ю Америка.COVID-19 пандеми яьржичхьана пачхьалкхехь цомгаш хилла 28 миллион сов стаг. ШолгIачу меттигехь ю ХIиндойчоь, цигахь 11 миллион стагана вирус кхетта. Бразили ю кхолгIачу меттигехь, 10 миллион сов вахархочуьнца къаьстина цигахь ун. 4-чу могIарехь Оьрсийчоь ю - виъ миллион сов стаг ву ун даьлла цигахь пандеми яьржичхьана.

ТIаьххьарчу хаамашца, доллу дуьненахь коронавирус юкъаяьлчхьана цуьнан унах чекхваьлла 119 миллион стаг. Ткъа кхелхина оцу заманчохь ши миллион ах миллион гергга дархо.

Коронавирус яржа йолаелира Китайра схьа 2019-гIа шо довш. Эпицентр хилира Ухань гIалахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG