ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ветеранаш сийсазбечарна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш дахар хьехна Думехь


Даймехкан тIамехь дакъалаьцна ветеранаш сийсазбинчунна бехкзуламан гIуллакх дуьхьал доккхуш, низамашкахь хийцамаш бар хьехна "Единая Россия" партин цIарах пачхьалкхан Думехь болчу депутатийн тобано.
"Хаа а хууш, ветеранех лаьцна харц хаамаш нахала бахар а, ишта, церан "сий дайъар" а, "Даймехкан дуьхьа эгначийн сий, иэс" сийсаздар а" нацизм къобалъяр санна лара мегар ду", - аьлла Думан вице-спикеро Яровая Иринас.

Низамашкахь тIетохарш дан реза хилла ишта тIеман комитетан куьйгалхо Шаманов Владимир а, информацин политикан а, информацин технологин а, зIенан а комитетан урхалхо Хинштейн Александр а.

"Нацизмна реабилитаци" ярх артикло билгалдоккху, масала, "Советан заманахь дуьненан ШолгIа тIом боьдучу хенахь хиллачух харц дуй хуушшехь бакъдоцург Iорадаккхар" - цуьнца а догIуш, 5 шаре гергга набахтехь яккха хан тохар.

Шен инициативех кхеточу Яроваяс дIахьедина, ветеранийн сий дойъучарна дуьхьал аьлла, низамехь тахана жоьпалла тIедожош доций а хууш, цхьана Iалашонца тIамехь дакъалаьцнарш сийсазбеш, даймехкан дуьхьа эгначийн иэс бехдина" аьлла.

Цхьаннан а цIераш Яроваяс ца яьхнехь а, кхеташ ду, цо вуьйцург дахначу шоьтан дийнахь оцу гIуллакхца кхел йина оппозиционер Навальный Алексей вуйла. Иза бехкевина, ШолгIачу тIамехь дакъалаьцна Артеменко Игнатна харц цIе кхоьллина аьлла.

Конституцехь хийцамаш барна реза болчу агитацин роликехь дакъалаьцнарш "лайш", "эхь доцу нах", "ямартхой" бу аьллера цо. Роликан декъашхошлахь хиллера Артеменко а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG