ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шена уллохь нисвалар "сийлахь ду" аьлла Кадыровс украинхойн вице-премьере


Абу-Дабехь дIаяьхьначу дуьненаюкъарчу IDEX-2021 тIеман -техникан гайтамехь шена уллохь лаьттина Украинан вице-премьер Уруский Олег мила ву а ца хьара шена аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Карладоккху, дуьнено а санкцеш тоьхначу куьйгалхочуьнца уллохь сурта тIехь нисвеллачу вице-премьеран бехказвийла дийзира оршотан дийнахь.

"Терго ян оьшу хIума дац и гIовгIа яьккхина дуьйцург. И скандале дерзийначаьрга ала дара сан: пайдабоцу хIуманаш ма леладе. Селхханалц Уруский мила ву хиъна а дац суна. Хиънехь -улло вуьтур а вацара. Иштачу нахана улло вахар, цаьрга куьйг далар а мегар доцург ду. Донбассехь а, кхечу регтионашкахь а шен къам балане лаьцначу нахе куьйг лур дацара ас", - аьлла, яздина Кадыровс телеграм-каналехь.

"Сийлахь дара" аьлла Кадыровс Урускийна, шена уллохь нисвалар: "Сурт цIахь а, балхахь а уггар а тоьллачу меттиге дIатоха. Цунах дозалла дан мегар ду хьуна!"

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца цхьана сурта тIехь муха нисвелла тIекхиаве ша аьлла Украинан премьер-министро Шмыгаль Дениса шен гIовс волчу Уруский Олеге. Новости агенталло бинера цунах лаьцна хаам.

Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмираташкахь хIоттийначу Дуьненаюкъарчу IDEX 2021 тIеман техникан гайтамехь Уруский Кадыровца цхьана вогIуш даьккхина сурт хьалхо Фейсбукерчу шен аккаунтехь зорбане даьккхинера Шмыгаля.

"Уруский Олегера маса жоп доьху ас", - аьлла, буха яздинера премьеро.

Гайтам вовшахтоьхначийн протокол бахьана долуш нисвеллера ша Кадыровца цхьана даьккхинчу сурта тIехь аьлла, жоп деллера вице-премьеро. Цо бахарехь, IDEX 2021 гайтам схьабоьллучу официалан церемонехь даьккхина сурт ду иза.

"Церемони йолалучу юкъанна официалан делегацийн куьйгалхой дIасахIиттор барам вовшахтоьхначийн карахь дара. Элпийн могIарехь дIахIиттийнера тхо", - яздира Урускийс фейсбукехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца шен цкъа а уьйр хилла а яц, я хир ю ала меттиг а бац аьлла, тIе а тухуш.

"БIа ца болар а, Украинан ледаралла а гойтуш санна, цхьана а пачхьалкхан, я агрессор лоручу мехкан векалх "къехкар" нийса а ца хета суна",- аьлла, дIахьедира Урускийс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG