ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къам махкахдаккхар хьахийна юха а Кадыровс


"Инзаречу, адамалла йоцучу зуламан" декъах хиллачу нохчийн а, гIалгIайн а исторехь хIоьттинчу бохаман дийнах лаьцна пост хIоттийна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен ВКонтактерчу аккаунтехь.

"Къилбаседа Кавказехь тахана дагалоьцу 1944-чу шеран Чиллан-беттан 23-чохь нохчийн а, гIалгIайн а къаьмнаш Сталинан омраца махках дохуш белларш а, цигахь хало лайнарш а. 77 шо кхечи тахана", - яздина Кадыровс.

Хилларг "къизалла яра", "халкъана тIехь ницкъ бар", "немцойн оккупанташца юкъарло лелийна" аьлла, харцонца бехкаш дохкуш, аьлла нохчийн куьйгалхочо.

Оцу юкъанна Кадыровс билгаодоккху, Сталинград йоккхуш доьналлица нохчаша бинчу тIамах, Ленинградера блокада а йохош, цул тIаьхьа пачхьалкхан а, Европан а мехкаш маьрша а дохуш.

Харцонца махкахь даьхначу къаьмнашна тIехь нийсо йира, яздо Кадыровс, Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира, ялх шо хьалха Соьлжа-ГIалина "БIаьхойн сий хиларан гIала" аьлла, шен омраца цIе а тиллина.

Сталинан омрица нохчий махках баьхна 76 шо дузар гуламца билгалдаьккхира Соьлжа-ГIалахь стохка. Оцу бараман башхалла яра кху тIаьххьарчу 8 шера чохь иза дуьххьара хIоттийна хилар.

Депортаци яр Чиллан-беттан 23-гIа дийнахь билгалдаккха дихкира нохчашна Кадыров Рамзана. И къоман тезетан де шен да Кадыров Ахьмад дIавоьллинчу Стигалкъекъа-беттан 10-чу дийне дIатеттира цо.

Омра дохийна волчу юкъархочуьнга Кутаев Руслане, цо вайнах махкахбахарх лаьцна конференци хIоттийча, лаца а лаьцна, наркотикаш лелийна аьлла, набахти такхийтира. Иза мукъавелира набахтех 2017 шо доьрзуш.

2015-чу шеран Охан-баттахь Новгород кIоштарчу Старая Русса гIала вахначу Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира омра дира, пхеа гIалина «ТIеман сийлаллин ГIала» аьлла цIе туьллуш. Старая Русса, Петрозаводск, Гатчина, Феодосия йоцург, оцу гIаланийн могIаре яьккхира Нохчийчоьнан шахьар Соьлжа-ГIала а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG