Дуьненаюкърачу тIеман-техникан IDEX-2021 гайтамехь Оьрсийчоьнан делегацина хьалха ваьллачу Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна улло ваьлла латтарна къоме бехк ца биллар деха аьлла, кхайкхам бина Украинан арахьарчу гIуллакхийн хиллачу министро Климкин Павла.
"Протоколах бехказло ян ца оьшу, украинхошна хьалха жоп дала деза хиллачух. Протоколехь яздина хIуъа а хила тарло, ткъа политикна тIехь дуьсу жоьпалла", - аьлла, билгалдаьккхина Климкина "Обозреватель" хьостана еллачу интервьюхь.
Цо бахарехь, Урускийн лелар "магийта йиш йоцург ду", массо а "сийсазвар" санна хIума ду иза.
Иштта емал дина цо Украинан премьер-министран Шмыгаль Дениса де хьалха фейсбукерчу шен пена тIехь Урускийн Кадыровца даьккхина сурт зорбане а даьккхина, маса цунах жоп ло шена алар а. Цунна хетарехь, шена тIера жоьпалла дIадаккха хьийза иза.
Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца цхьана сурта тIехь муха нисвелла тIекхиаве ша элира Украинан премьер-министро Шмыгаль Дениса шен гIовс волчу Уруский Олеге. Новости агенталло бинера цунах лаьцна хаам.
Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмираташкахь хIоттийначу Дуьненаюкъарчу IDEX 2021 тIеман техникан гайтамехь Уруский Кадыровца цхьана вогIуш даьккхина сурт хьалхо Фейсбукерчу шен аккаунтехь зорбане даьккхинера Шмыгаля.
"Уруский Олегера маса жоп доьху ас", - аьлла, буха яздинера премьеро.
Гайтам вовшахтоьхначийн протокол бахьана долуш нисвеллера ша Кадыровца цхьана даьккхинчу сурта тIехь аьлла, жоп деллера вице-премьеро. Цо бахарехь, IDEX 2021 гайтам схьабоьллучу официалан церемонехь даьккхина сурт ду иза.
"Церемони йолалучу юкъанна официалан делегацийн куьйгалхой дIасахIиттор барам вовшахтоьхначийн карахь дара. Элпийн могIарехь дIахIиттийнера тхо", - яздира Урускийс фейсбукехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца шен цкъа а уьйр хилла а яц, я хир ю ала меттиг а бац аьлла, тIе а тухуш.
"БIа ца болар а, Украинан ледаралла а гойтуш санна, цхьана а пачхьалкхан, я агрессор лоручу мехкан векалх "къехкар" нийса а ца хета суна",- аьлла, дIахьедина Урускийс.
Абу-Дабехь дIаяьхьначу дуьненаюкъарчу IDEX-2021 тIеман -техникан гайтамехь шена уллохь лаьттина Украинан вице-премьер Уруский Олег мила ву а ца хьара шена аьлла, дIахьедира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
"Терго ян оьшу хIума дац и гIовгIа яьккхина дуьйцург. И скандале дерзийначаьрга ала дара сан: пайдабоцу хIуманаш ма леладе. Селхханалц Уруский мила ву хиъна а дац суна. Хиънехь -улло вуьтур а вацара. Иштачу нахана улло вахар, цаьрга куьйг далар а мегар доцург ду. Донбассехь а, кхечу регтионашкахь а шен къам балане лаьцначу нахе куьйг лур дацара ас", - аьлла, яздира Кадыровс шен телеграм-каналехь.
"Сийлахь дара" аьлла, тIетоьхнера Кадыровс Урускийна, шена уллохь нисвалар: "Сурт цIахь а, балхахь а уггар а тоьллачу меттиге дIатоха. Цунах дозалла дан мегар ду хьуна!"