ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса уьнах велла 24 дархо. Вирус къаьстина кхин а 535 стагаца


ТIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу лараршца, Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 24 дархо, вирус хааелла кхин а 535 вахархочуьнца.

Оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь велла COVID-19 вирусах 16 пациент, Ставрополан махкхаь – пхиъ, Дагестанехь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалгIайчохь а цхьацца велла.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандемин мурехь велла 7 701 стаг.

Къаьсттина дукха бу, тIаьххьарчу дийнахь-буса, ун даьлла нах Краснодаран кIоштахь – 157 стаг.

  • Краснодаран мохк + 157 (37 659 ву пандеми яьржичхьана)
  • Ставрополан кIошт + 87 (46 882)
  • ГIебарта-Балкхаройчохь + 74 (20 629)
  • Дагестан + 48 (29 568)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 44 (18 849)
  • ГIалмакхойчоь + 43 (18 794)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 35 (15 549)
  • Адыгей + 18 (13 727)
  • ГIалгIайчоь + 16 (14 654)
  • Нохчийчоь+ I3 (11 242)

Пандеми яьржичхьана Къилбаседа Кавказехь ун даьлла ву 227 553 стаг. Йоллу Оьрсийчохь бу уьш, Iедалхоша тахана, Чиллан-беттан 23-чохь довзийтинчу терахьашца, 4 189 153 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG