ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дарбанхо ю шаьшшиъ бохуш, нах Iехон ши зуда лаьцна Соьлжа-ГIалахь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Iаламат йоккха говзанча ю шаьшшиъ бохуш, дарбанаш лелон Дацаева Iайнаъ а, Умарова ПетIимат а лаьцна Соьлжа-ГIалахь полисхоша. Шаьшшимма дарбанаш до бохуш, лелочу гIирсаца уггар а гомха хIуманаш а, могушаллина кхерамечу ритуалех а цхьана пайдаоьцуш хилла цу шиммо.

Динан дайн а, бакъоларъяран хьукматийн белхахойн а гIоьнца аьтто баьлла церан "болх" юкъахбаккха а, ши зуда лаца а, яздо меттигерчу хаамийнн гIирсашкахь.

РогIера "хIумахуург" – Соьлжа-ГIаларчу Висаитовн кIоштара яхархо Долуева Зина – Iораяьккхира "Грозный" телеканалан эфирехь. ТIехьийсийна камераш а йолуш, Долуевас шена къинтIерабовлар дехнера нахе.

Долуева Iорайоккхуш, цунна довдира эфирехь Соьлжа-ГIаларчу исламан медицинан центран коьртачу лоьро, мехкан шахьарачу "Нохчийчоьнан Дог" маьждиган имама Эльжуркаев Адама.

"ХIумахуурш" Iорабахар дуккхаза а хьехийна Нохчийчуьрчу Iедало 2021-чу шеран Дечкен-баттахь а, Чиллан-баттахь а, дерриг а 2020-чу шарахь а. Палтасархой лецар долийра масех шо хьалха. Лецнарш дукха хьолехь видеокамерашна хьалха къера хуьлу шаьшшимма харцо лелийна бохучунна. "Терроризмал а, наркоманел а кхераме" ду цара дийриг, олий гойту уьш дукха хьолехь.

Кавказ.Реалиица оцу темин хьокъехь къамелаш динчу бакъоларъярхошна гарехь, тоталитаран режиман башхаллех ду "хIумахуурш" Iорабахар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG